Ӏалхан-ГӀаларчу бахархошна, къоман проектаца а догӀуш, садаӀаран майда йина

Къоман «ХӀусам а, гӀаланашкара хьелаш а» проектан гурашкахь дӀахьочу «ГӀалин бегӀийла хьелаш кхоллар» подпроектаца а догӀуш, Ӏалхан-ГӀалахь (Грозненски кӀошт), спортан майданца хоттаелла а йолуш, керла парк йина.

Мини-футболан майда а, цуьнца цхьаьна парк а ю хӀинца меттигерчу бахархошна. Паркан хьокъехь аьлча, иза гӀашлойн некъаш а, охьаховшаран гӀенташ а, берашна лерина бираьнчигаш а, тхов-кӀелонаш а йолуш ю.

Меттигерчу бахархошна боккха кхаъ хилла цунах.

«Хазахета-кх, хӀара юкъараллин меттиг тхуна кечъярехь, кегийрчеран а, баккхийчеран а лаамаш таллар а, уьш кхочушбар а», — билгалдоккху цара.

Дагадоуьйту карарчу шарахь Ерригроссин онлайн-кхажтасар а хирг хилар. za.gorodsreda.ru платформи тӀехь дӀахьур долчу (26.04.21 — 30.05.21) кхажтасарехь къастор ю тӀедогӀучу шарахь тойийр йолчу юкъараллин майданийн дизайн-проекташ.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: