Республикин куьйгалло хаддаза дуккха а гIуллакхаш до регионехь промышленность, юьртан бахам, халкъан бахаман кхидолу дакъош кхиорна. Оцо таро хуьлуьйту республикина тIебогIу пайда алсамбаккха а, бахархошна белхан меттигаш хилийта а. Цуьнан дуьхьа керла предприятеш йохку, йолуш ерш тоеш, карлайоху, жигара болх бо инвестицеш юкъаозорна.
Республикехь керла ехкинчу предприятех цхьаъ ю Аргунера «Чеченавто» ОАО. Кхузахь хIора шарахь алсамдолуш ду машенаш арахецар, лакхайоккху церан дикалла, машенийн керл-керла моделаш арахеца йолайо. ХIинца арахеца йолош ю «Лада Гранта» машенаш. Церан хьалхара парти арахоьцур ю кху шеран октябрехь. Шо чекхдалале цхьа эзарна тIекхаччалц машенаш арахеца билгалдеш ду предприятехь. Цунах лаьцна хаам бира «Чеченавто» ОАО-н генеральни директора Таймасханов Сайд-Хьусейна.
«ХIокху шарахь 900 гергга «Гранта» машен арахеца билгалдеш ду тхо. Октябрехь уьш йохка дIалур ю. Корматалла караерзо тхешан белхахой августехьТольятте бохуьйтур бу оха. Цуьнца цхьаьна дIахьош ду гIирсашца кхачояран хьокъехь «АвтоВАЗ-ца» дийцарш дар», – элира С-Хь.Таймасхановс.
2016-чу шеран бIаьста «Лада Веста» моделах йолу машенаш арахеца йолор ю предприятехь. Конвейера тIехь уьш вовшахтасар тIедогIучу шеран хьалхара квартал чекхйолуш, я шолгIа квартал йолалуш дIадоло билгалдеш ду. «Лада» машенийн муьлхха а модель арахеца таро йолуш «АвтоВАЗ-ца» бина барт бу «Чеченавто» заводан.
Бакъду, цхьацца кхачамбацарш ду заводехь продукци арахецар кхиорна а, машенийн моделийн барам алсамбаккхарна а новкъарло еш. Уггаре а хьалха иза ду говзанчаш кечбан а, оьшуш болу гIирсаш эца а заводана юхадоьрзуш долу ахча цатоар. Цундела предприятехь сацам бина шайн таронаш а, рынкан машенашка долу хьашт а хьесапе а эцна, цкъачунна «Гранта» а, «Веста» а машенаш арахецарх кхачам бан.
Карарчу хенахь предприятин конвейера тIехь вовшахтосуш ю «Лада Приора». ТIаьхьарчу ворхI шарахь кхузахь арахецна ялх эзар гергга «семерка» а, «Лада Приора» а. ХIокху шарахь машенаш арахецаран барам дуккхазза а алсамбер бу.
Кху шарахь 4 эзар «Приора» а, 800–900 «Гранта» а арахеца ойла йолуш бу заводехь. Кхузахь арахоьцуш йолу машенаш Къилбаседа Кавказан федеральни округан регионашкахь юхкуш ю. Цаьрга доккха хьашт а ду цигахь. Цуьнца доьзна ду заводехь машенаш арахецар хаддаза алсамдаккхар. Цул совнаха, Нохчийчохь арахоьцуш йолчу машенийн дикалла а ю эцархой резабеш.
С.ЛАЛАЕВ
№ 63, шинара, 9 июнь, 2015 шо
