Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис карарчу шеран белхан Ӏалашонех лаьцна дуьйцуш дӀаяьхьначу кхеташонехь бовзийтира министерствон аппаратехь хилла хийцамаш.
Иштта, министерствон отделийн керла хьаькамаш а бовзуьйтуш, царна хьалха лаьттачу белхан декхарех лаьцна а.
Къоман «Культура» проект кхочушъеш къаьсттинчу тидамехь латто езачу федеральни а, регионан а программех лаьцна а дийцира Х-Б.Дааевс.
«Регионан культурин хьаьрма кхиорехь, къахьоьгуш болчарна Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дерриге а хьелаш кхоьллина. Культурин белхахойн говзалла лакхаяккхарна а, царна шаьш кхочушбечу белхан мах, жоьпалла хоуьйтуш а, керла ечу культурин-садаӀаран объекташна яккхий харжаш еш а гӀо деш Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах йолу фонд а», – бохура министра.
Нохчийн Республикин культурин хьаьрмахь доккха маьӀна лелош йолчу «Синмехаллаш» проектах лаьцна а дийцира кхеташонехь.
Кегийрхой нохчийн гӀиллакхоьздангаллица кхиоран программин мехала дакъа иза хилар а хьахийра.
№23, бекарг (март) беттан 27-гIа де