Нохчийн Республикин культурин министран хьалхарчу заместителан Кадырова Iайшатан дIадолорца, «Культурин хьаьрма» программин гурашкахь дӀаяьхьира Соьлжа-ГӀалахь берашна лерина «Музейхь – дарсаш», «Театрехь – дарсаш» программа.

Музейхь дIадаьхьна хьалхара дарс лерина дара дуьненахь а вевзаш хиллачу суртдиллархочунна, академикана Захаров Петрана.
Цигахь дакъалоцуш яра оцу программин автор Кадырова Iайшат а, Х.Нурадиловн цIарахчу Къоман театран директор Ахмадова Хьава а, пачхьенерчу школийн дешархой а.
Нохчийн къоман театран актераша спектаклан кийсак гайтира, коьрта турпалхо Захаров а волуш.
Суртдиллархочун заманахь ваьхначу гIараваьллачу суртдиллархочуьнца Айвазовский Иванаца а, поэтаца Лермонтов Михаилца а вайн махкахочун доттагIалла тасадаларан сурт дара актераша хIоттийнарг. Иштта, Захаровн суьрташ а дара гайтаме дехкина.
Цул тIаьхьа, Купер Юрийн гайтамехь дакъалаьцначу бераша дехкинчу суьртех терра модин «Фирдавс» цIийно тегна свитарш яларца берашна совгӀаташ дира Кадырова Ӏайшата.
Иштта, А. Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь а дIаяьхьира дарсийн программа. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис.
I.Шахбулатовн цIарахчу филармонин оркестран мукъамехь Нохчийн Республикин хьакъволчу артиста Умаев Рамзана поэтан М.Лермонтовн «Мцыри» поэма йийшира хьалхарчу дарсехь.
Берашна дуьххьара гуш дара мукъамехь поэма ешар.
Тамашийна сурт хIотталора, цуьнга ладуьгIуш. Актеран корматаллехь а дуьххьара дара, оркестран мукъамца поэма ешар. Цул тIаьхьа дарсийн программа Нохчийн къоман театрехь а дIаяьхьира.
Театран артисташа оьрсийн литературин классикан А.Чеховн дийцаршна тIехь хIоттийна «Хамелеон» спектакль гайтира.
Россин Федерацин хьакъволчу артиста Джамаев Iимрана, Нохчийн Республикин хьакъволчу артиста Атаев Мовсара, иштта, кхечара ролаш ловзийра оцу спектаклехь.
«Хамелеон» спектакле, пачхьенан къоначу бахархошца цхьаьна, «Культурин хьаьрма» программин автор йолу Кадырова Iайшат а хьаьжира.
№23, бекарг (март) беттан 27-гIа де