Х-Б.Дааев: «Нохчийн Республикин культурин дахар классикин музыка йоцуш хуьлийла дац»

Классикин музыка оьшуш хилар гойтуш мах хадийна Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис Д.Омаевн цӀарахчу Даздарийн цӀийнехь «Ерригроссин а, дуьненаюкъарчу а конкурсийн лауреатийн концертийн цикл» аьллачу федеральни проектан гурашкахь хиллачу классикин музыкин концертан хьокъехь кхоллаелла хилла шен ойла йовзуьйтуш.

Классикин музыкин гӀараевлла йолу говзарш кхочушйира кхузаманан тоьллачу музыканташа, дуьненаюкъарчу П.И.Чайковскийн цӀарахчу конкурсан лауреаташа Маслеев Дмитрийс, Рамм Александра, Россин Федерацин халкъан артист Хлебников Валерий дирижер волчу Ӏ.Шахбулатовн цӀарахчу нохчийн пачхьалкхан филармонин симфонин оркестран гӀоьнца.

Дуьненахь а цӀарна цӀе яхана болчу классикин музыкин композиторийн Паганини Никколон, Чайковский Пётран, Рахманин Сергейн симфонин музыкин говзарш кхочушйира цара.

Хьалха а, хIинца вайн заманхойн а безам-ларам ца бовш, даима а шен ладогӀархой болуш ю классикин музыка.

Зала чохь хилла болчу ладогӀархойн цхьа а шеко ца йисира цунах.

Классикин музыка бӀешерех чекхъяьлча а кӀордош йоцу, ширлуш йоцу хазна ю.

№23, бекарг (март) беттан 27-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: