ГӀебартойн-Балкхаройн Республикин пачхьенехь Нальчикехь даздаран хьолехь дӀаяьхьира къаьмнийн драмин театрийн дуьненаюкъара «Къилбера сцена – 100» фестиваль.

Цигахь дакъалоцуш хиллачу Х.Нурадиловн цӀарахчу Нохчийн къоман театро коьрта совгӀат даьккхира.
Фестивалехь дакъалоцуш Нохчийчуьра а, Дагестанера а, Абхазера а, Къилба ХӀирийчуьра а, Къилбаседа ХӀирийчуьра а, Ставрополан махкара а, ГӀебартойн-Балкхаройчуьра а, Кхарачойн-Чергазийчуьра а къаьмнийн театрийн коллективаш яра.
Нальчикерчу А.Щегенцуковн цӀарахчу пачхьалкхан драмин театрехь Х.Нурадиловн цӀарахчу Нохчийн къоман театран актерийн труппо «Лаьмнашка, хьуна тӀаьхьа» спектакль гайтира.
Сценарин автор драматург Михайлов Олег ву, ткъа иза хӀоттийнарг театран режиссер а, директор а Ахмадова Хьава ю.
Спектакль Даймехкан Сийлахь-боккхачу Даймехкан тӀамехь толам баьккхина 75 шо кхачарна лерина ю.
Театран директора Ахмадова Хьавас театран инстаграмерчу агӀонехь баркалла элира театран актерашна, Нохчийн Республикин хьакъболчу артисташна Алханов Шемална а, Халиков Ризванна а, актрисина Пицуева Мадинина а.
Спектакль шен похӀмица хазайинчу Россин Федерацин хьакъйолчу артисткина Кабо Ольгина. Фестивалан гурашкахь Нальчикехь дӀаяьхьира «Къаьмнийн драмин театраш – тахана» аьлла йолу «горга стол».
Федеральни «Россия» телеканалехь а хаам бира оцу хиламан хьокъехь. Цигахь дакъалоцуш бара фестивалан жюрин декъашхой, культурин а, искусствон а гӀуллакххой, фестивалан лараме хьеший. Царна юкъахь яра Ахмадова Хьава а.
Нохчийн Республикин культурин министран хьалхарчу заместитела Кадырова Ӏайшата билгалдаьккхира: «Фестивалан коьрта ши совгӀат вайн ду. Баркалла, иштта, хаза кхаъ баккхарна а, вайн хьомечу театран кхиамах даккхийде аьтто хилийтарна а».
№23, бекарг (март) беттан 27-гIа де