«Синмехаллаш» телепроектан XIII-гIа фестиваль-конкурс

Республикин «Синмехаллаш» телепроектан XIII-гIа фестиваль-конкурс дIайолош, хьалхарчу декъехь дакъалоцуш хинйолчу кIоштийн, гIаланийн культурин урхаллийн, отделийн командийн къийсадаларийн къепе къаьстина.

Оцу гIуллакхехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди а, цуьнан заместитель Милькиев Рустам а, кIоштийн а, гIаланийн а культурин урхаллийн а, отделийн а куьйгалхой а.

Кхаж тесначул тIаьхьа билгалделира муьлха команда муьлхачуьнца къовсалуш хир ю.

Иштта екъаелла командаш: Гуьмсан кIоштан культурин урхалла – Теркан кIоштан культурин урхалла; Грозненски кIоштан культурин отдел – Веданан кIоштан культурин отдел; Курчалойн кIоштан культурин отдел – Шелковски кIоштан культурин урхалла; Хьалха-Мартан кIоштан культурин отдел – ТIехьа-Мартан кIоштан культурин отдел; Шаройн кIоштан культурин отдел – Шелан кIоштан культурин урхалла; Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин департамент – Нажи-Юьртан кIоштан культурин отдел; Шуьйтан кIоштан культурин отдел – Итон-Кхаьллан кIоштан культурин отдел; Устрада-ГIалин культурин урхалла – Эна-Хишкан кIоштан культурин отдел – Невран кIоштан культурин отдел.

Конкурсехь командаша шайна вокалан а, халкъан музыкин а гIирсаш лакха хааран говзалла гайта еза, ткъа иштта, нохчийн къоман гIиллакхаш, ламасташ довзуьйтуш язйинчу сценарешна инсценировкаш хIитто а еза.

2020-чу шарахь «Синмехаллаш» телепроектан ХII-гIа фестиваль-конкурс шина номинацехь дIаяьхьира: «Вайнехан гIиллакхаш», «Нохчийн халкъан забарш».

Жюрин жамIашца хьалхара меттиг яьккхира Шуьйтан кIоштан культурин отдело, шолгIа меттиг – Гуьмсан кIоштан культурин урхалло, кхоалгIа меттиг – Хьалха-Мартан кIоштан культурин отдело, ткъа йоьалгIачу меттехь Итон-Кхаьллан кIоштан культурин отдел яра.

№23, бекарг (март) беттан 27-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: