Поэзин денна лерина суьйре

Соьлжа-ГIалахь, Айдамиров Абузаран цIарахчу къоман библиотекехь, дIаяьхьира Поэзин дуьненаюкъарчу денна лерина кхоллараллин суьйре. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин культурин министерствос.

Суьйренехь дакъалоцуш бара республикехь а, цуьнан дозанал арахьа а дика бевзаш болу нохчийн поэташ, яздархой, иштта, журналисташ, студенташ, поэзиезархой.

Цхьаьнакхетар дIахьош волчу поэта Цуруев Шарипа, суьйрене баьхкинарш Поэзин денца декъал а беш, дош делира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамче, республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашна а, литературина а Iуналла деш волчу Ельсаев Iаламахьаде.

Цо билгалдаьккхира нохчийн литература, шо шаре мел долу, кхуьуш схьайогIуш хилар.

«Мехала ду, – элира Iаламахьада, – вайн таханлерчу нохчийн поэзе, шайн юьхь а йолуш, похIма а долуш, дуккха а къона поэташ бахкар. Вайн баккхийчу поэтех масал а оьцуш, литературехь шайн дош олуш, схьабогIу уьш. Нохчийн литературин кхане таханлерчу къоначу поэташкахь а, прозаикашкахь а ю».

Цо массо а поэзиезархо декъалвира Поэзин дуьненаюкъарчу денца. Нохчийн, шайн зорбанан мотт-йоза хилале хьалха а, поэзи хилла аьлла, тIечIагIдира шен къамелехь Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас.

Цо элира: «Нохчийн барта кхоллараллехь йолу поэзи дуьненахь а евзаш ю, поэзин исбаьхьаллин жовхIар санна, иза шира а, кIорггерчу буха тIера схьайогIуш а ю. Вай дозаллица цIераш йоху нохчийн поэтийн: Мамакаев Мохьмадан, Мамакаев Iаьрбин, Гадаев Мохьмад-Селахьан, Арсанукаев Шайхин, Дикаев Мохьмадан, дуккха а кхечеран. Уьш вайн нохчийн поэзин «дашо хазна» ю. Цаьрга нисбала гIерташ литературехь къахьоьгу таханлерчу къоначу поэташа: Петирова ПетIамата, Арсалиева Любас, Халикова Асета, Умарова Асета, Хабаев ИсмаьIала, Банжаев Аьрзус, кхечара. Нохчийн литература сиха кхуьуш ю. Иза кхиорна доккха гIо деш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан».

Ибрагимов Кантас Поэзин денца декъалбира суьйрене баьхкинарш а, нохчийн литература езаш берш а.

Литературехь баккхий кхиамаш бахарна Яздархойн союзан цIарах «Петр Захаров» мидалш елира цо халкъан яздархочунна Бексултанов Мусана а, литература таллархочунна Алиева Заринина а.

Исмаилов Абус элира: «Нохчийн Республикехь 400 сов юрт ю, хIора юьртахь цхьацца поэт хилча а, мел дукха поэташ хуьлу вайн. Нохчийн литературехь къахьоьгуш дуккха а нах бу, царах дукхахболчеран дика кхиамаш а бу, цу гIуллакхо дагна хьаам бо».

Къамел дерзош шен «Некъ» байт йийшира цо.

Шайн байташ йийшира: Ясаев Лечас, Сейлмуханов Мусас, Ахмадов Мусас, Бухадиев Мусас, Юсупов Руслана, Бурчаев Хьалима, Борхаджиев Хож-Баудис, Алиев Мохьмада, Ахматукаев Адама, Резванова Айзас, Ельсаев Iаламахьада, Гакаев Iаьрбис, Дагалаева Маликас, Петирова ПетIамата, кхечара.

Цул тIаьхьа, Цуруев Шарипа дош делира Нохчийн Республикин Культурин министрана Дааев Хож-Баудина (иза жимма хьевелира кху цхьаьнакхетаре схьаван).

Нохчийн литературин кхиамех лаьцна дийцира Хож-Бауддис.

Культурин министерствон цIарах цхьамогIа поэташна совгIаташ делира цо. Царна юкъахь вара: Ахмадов Муса, Борхаджиев ХожБауди, Мамакаев Эдуард, Юсупов Руслан, Ясаев Леча, Джунаидов Аюб.

Москвара веанчу оьрсийн поэтана Рассветов Юрийна а делира дош.

Шен Нохчийн Республике а, нохчийн халкъе а болчу ларамах а, вайн мехкан культура а, Iалам а шена дезарх лаьцна а дийцира хьешо, шен стихаш а йовзийтира.

Хаза, чулацаме къамел дира поэта, яздархочо Мамакаев Эдуарда: «ХIара тайпа суьйренаш дIаяхьар, дика ламаст хилла, схьадогIу. Вайн аьтто бу деза денош билгалдаха а, литературехь а, культурехь а болу хиламаш бовза а, царна юкъахь дакъалаца а, вовшийн ган а. Ишттачу хьоло дог токхе латтадо, кхоллараллин болх жигарабаккха дог доуьйту».

Суьйре цу тIехь чекхъелира.

АРСАЕВ Муса
№23, бекарг (март) беттан 27-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: