Нохчийн Республикин культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшо дӀахьош ю Нохчийн меттан денна лерина «Бекалахь, ненан мотт» республикин хӀорашеран конкурс-фестиваль.
Иза дӀахьош ю Нохчийн Республикин Хаамийн а, зорбанан а министерствон а, Культурин министерствон а гӀоьнца.
Цигахь дакъалаца лаам болчаьргара заявкаш схьаоьцуш яра бекарг (март) беттан 17-чу дийнера 21-гӀа де тӀекхаччалц.
Конкурс шина муьрехь дӀахьур ю.
Хьалхара схьакъасторан мур бекарг (март) беттан 23-чу дийнера оханан (апрель) беттан 2-чу дийне кхаччалц дӀахьур бу.
ШолгӀа, финалан мур оханан беттан 8-чу дийнахь Устрада-ГӀалин Культурин цӀийнехь дӀахьур бу.
Конкурсан коьрта Ӏалашо ю тӀекхуьучу кегийрхошна къоман маттахь йолчу литературехула къоман гӀиллакхаш довзийтар а, нохчийн матте безам кхоллар а, культурин таронашца кегийрхошна юкъараллехь а, шайн дахарехь а оьзда хила Ӏамор а, иштта, литературин-культурин хӀолламашкахула шайн Даймохк а, мотт а беза Ӏамор а.
Вовшахтохараллин комитето билгалъяьккхинчу жюрина юкъахь хир бу республикехь бевзаш болу яздархой, этнографаш, Халкъан кхоллараллин туьшан исбаьхьаллин кхоллараллин отделан методисташ, куьйгалхой.
Конкурсан дакъалацархойн нохчийн маттехула долчу хаарийн а, кхоллараллин хьуьнарийн а мах хӀокху номинацешкахула хадор бу: исбаьхьаллин дош; забар; сатира; вокал.
Конкурсан дакъалацархо 8 шо кхаьчна кхин а лакхара хан йолуш хила а тарлуш ду.
Конкурс-фестивалан гурашкахь изобразительни а, прикладни а искусствон боккха гайтам дIахьур бу Устрада-ГӀалин культурин цӀийнехь.
Толамхошна мехала совгӀаташ, Дипломаш а, грамоташ а лур ю.
З.ЦОНТОРОЕВА
№23, бекарг (март) беттан 27-гIа де