Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан а, Нохчийн пачхьалкхан университетан а Нохчийн филологин кафедрийн хьехархоша Нажи-Юьртан дешаран урхаллехь дӀаяьхьира кӀоштан нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна лерина методикин семинар.
КӀоштан школашкарчу лакхарчу (7–11-чу классийн) дешархоша нохчийн меттан дарсашкахь мелла а алсам доху гӀалаташ дӀадахаран Ӏалашонца талламан белхашна тӀехь болх бира семинарехь.
Хьехархойн университетан Нохчийн кафедрин заведующис профессора, филологин Ӏилманийн доктора Навразова Хьавас хьехархойн тидам тӀебахийтира дешархоша алсам дохучу гӀалаташна.

Нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн тидаме йиллира дешархойн хаарш лакхадахаран Ӏалашонца пайдаэца хьакъйолу методика а, белхан керла кепаш а.
Кхузаманан нохчийн меттан проблемех лаьцна дуьйцуш хиллачу къамелехь хьахийра фонетикин, синтаксисан, орфографин, орфоэпин дакъошкахула нислуш йолу проблемаш а йира йийцаре.
Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министерствон Нохчийн меттан институтан Ӏилманан белхахочо, филологин Ӏилманийн кандидата Эдилов Салавдис а, Нохчийн пачхьалкхан университетан Нохчийн меттан кафедрин заведующис филологин Iилманийн кандидата Ирезиев Сайд-Хьамзата а дийцира «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш» гулар хӀотторехь нохчийн меттан говзанчашна хьалха нислуш хиллачу халонех лаьцна.
Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан Нохчийн филологин кафедрин доцента Хазуева Барета а, лакхарчу хьехархочо Асхабова Лайлаа а дийцира шайн кафедрин балхах лаьцна.
Къаьсттина, школийн хьехархошна а, студенташна а дечу методикин а, практикин а гӀо-накъосталлех лаьцна. Нохчийн меттан кафедрах лаьцна яьккхина видеокийсак гайтира цигахь.
Иштта, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан тӀаьххьарчу курсан студенткас Яхъяева ПетӀамата дийцира Нохчийн филологин кафедрин студентийн дешарх а, студентийн дахарх а лаьцна.
Школа чекхъяьккхина бовлуш болчу дешархошка шаьш долчу деша кхайкхира Нохчийн пачхьалкхан университетан а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан а хьехархоша.
Нажи-Юьртан кӀоштарчу школийн хьехархойн хаттаршна жоьпаш делира нохчий меттан говзанчаша.
Методикин советан рогӀера кхеташо хӀутосург (май) баттахь дӀаяхьа дагахь ду.
Нажи-Юьртан кӀоштарчу школашкара нохчийн меттан тоьллачу хьехархоша «мастер-классаш» гойтур ю Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан нохчийн меттан кафедрин студенташна.
З.ЯХЪЯЕВА
№23, бекарг (март) беттан 27-гIа де