Казахийн халкъан кица ду «Малх бехке бац ша бIаьрзечарна цагарна», – олуш. Дала деллачул сов хIума дац вайн, Цо ца делларг а дац, я бIаьрса а, я лерса а, я да-нана а, я кхидерг а. Вайх хIоранан дахарехь цхьа мур богIу Дала мел деллачунна хастам беш, амма хьо воккха мел хуьлу а, дахаран, дуьненан некъаш алсам мел девли а, Дала ца деллачунна а хастам бан ийман кхиъна хенаш йогIуш хилла. Дукха хан йоццуш евзина суна, малх санна хаза, сирла дог долу йоI Кадырова Мадина. Дала шена деллачунна хастам беш еха и бусалба умматан дика йиша.
Мадина бIаьрса доцуш ю. Цуьнан иймане хьаьжча, иза кIеззиг кхачам бацар бен ца хетало. БIаьрзе хилар Делан совгIат дина тIеэцна ехачу цо шена Сийлахь Къуръан деша а Iамийна, хIинца иза ша санна бIаьрзечарна хьоьхуш къахьоьгу.
Кадырова Мадина Веданан районан Элистанжара ю. Оцу юьртарчу Абусупьянан а, Ларисин а йоI ю иза. Дуьнен чу бIаьрзе йолуш еана иза. Соьлжа-ГIалин бIаьрсе ледара а, бIаьрса доцучу а берийн интернате деша яхара иза, цул тIаьхьа, 2000-чу шарахь луларчу Дагестан республикан Изербашерчу школа-интернатехь 10 класс чекхъяьккхира.
Соьлжа-ГIаларчу бIаьрзечарна леринчу библиотеке балха хIоьттира иза. БIаьрзе ю аьлла юьстах ца Iаш, цунна шена а, нахана а пайдехь йолуш дахарехь шен меттиг карийна яха лаьара. Цхьана дийнахь ГIезалойн республикин пачхьенера Казанера телефон туьйхира Мадине, Брайлан шрифтаца Къуръан деша Iама лаам белахь дIайола. Аьлла.
«Ярдэм» къоман бусалбанашна гIодаран организацин куьйгалхо Гельмутдинова Малика яра иза оцу дийнахь, Делан лаамца, Мадинин кхолламехь гучуяьлларг. Казанехь маьждигехь дийшира цо. ХIинца хIара 5-гIа шо ду Мадина хIора шарахь цига йоьдуш, шен хаарш тIедузуш йолу. Ша бIаьрзе елахь а, малх шена бен ца хьоьжу моттал ирсе, синтеме хуьлу иза даима а, ткъа цунна оццул ницкъ, тешам, гIора делларг цо хаьржина Делан дуьхьа болу сийлахь некъ, бу. Соьлжа-ГIаларчу 8-чу Мартан урамехь йолчу бIаьрзечарна леринчу республикин библиотекехь дарсаш ло цо бIаьрса доцчарна. Цкъа хьалха Брайлан шрифт Iамайо, тIаккха цул тIаьхьа Къуръан деша Iамдо, . Ша саннарш ирсе бан ирсан нана, йиша йина цунах нохчана АллахI-Дала. ХIора еарийн дийнахь вовшахкхета Мадинин тоба. Масех маьIна ду цо бечу белхан. Цкъа делахь, бIаьрзечарна психологически реабилитаци йо цо. Цхьа гIайгIа, цхьа бала йолчу нахана вовшийн бовзар хуьлу.
Оцу тобанна хаа лаьа вайн махкахь хуьлуш дерг, бовза лаьа литературин, искусствон. Iилманан декъехь къахьоьгу нах.
Дахарна юьстах ца Iаш, гергарлонаш лелош, шайна Дала еллачу хенах, марзо оьцуш баха лаьа Мадинин накъосташна.
Тахана цхьанхьа-м хир бу ког-куьг, Ббаьрса-лерса долуш, шаьш декъаза хеташ бехарш. Декъаза ву бIаьргаш доллушехь дог доцург.
Мадина къона ю. Уггаре а хаза ан ю 28 шо. Цхьа Iалашо йоцург хилла йогIур ю со цунах хьоьгуш ю. БIаьрзечарна Сийлахь Къуръан Iамош, царна серло луш еха Мадина. Дала ял лойла хьуна, дахаре болу чам цкъа таза ма лойла хьан!
Э.ХИЗИРОВА
№ 63, шинара, 9 июнь, 2015 шо