Ӏалхан-Юьртан а, ГӀойтӀан а коьрта урамаш а, Хьалха-Мартара хийисте а тоян лерина тӀедогӀучу шарахь.

И белхаш дӀахьур бу къоман «ХӀусам а, гӀаланашкара хьелаш а» проектан «ГӀалин бегӀийла хьелаш кхоллар» подпроект кхочушъяран гурашкахь.
ТӀедогӀучу шарахь тойийр йолчу оцу майданийн дизайн-проекташ меттигерчу бахархоша карарчу шарахь къастор ю — za.gorodsreda.ru сайта тӀехь къасто лерина 2022-чу шарахь кхочушйийр йолу тоьлла проекташ.
«ТӀедогӀучу шарахь тойийр йолу юкъараллин 3 майда къастийна Хьалха-Мартан кӀоштан бахархоша. ЧӀогӀа маьӀне ду оцу майданийн куц-кепаш а шаьш бахархоша къастош хилар», — билгалдаьккхина Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министран заместитела Ибрагимова Алисас.
Юкъараллин майданаш тояран белхаш 17 муниципалитетехь дӀахьур бу тӀедогӀучу шарахь.
УьйтӀеш тойина ца Ӏаш, паркаш а, спортан майданаш а, хийистош а кечйийр ю 2022-чу шарахь.