Нохчийчоьнан Правительствехь структурин хийцамаш бина

Нохчийчоьнан хаамийн а, зорбанан а министерствох юха а Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство йина.

Цу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен гIоьнчица, оцу ведомствон куьйгалхочуьнца Дудаев Ахьмадца хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Республикин Куьйгалхочо дика мах хадийра министерствон белхан.

«Суна баркалла ала лаьа министерствон коллективана а, министерствон куьйгалли кIел долчу дакъойн, шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахошна а республикехь хуьлуш болу дика хийцамаш нийса гайтарна. ДIадаханчу шеран жамIашца ведомствос совгIатан меттиг яьккхина кхочушдаран Iедалан регионийн органийн белхан эвсараллин рейтингехь», – элира Р.Кадыровс.

А.Дудаевс, шен рогIехь, билгалдаьккхира къоман проекташ кхочушъяр гайтарехь, Нохчийчоьно махкахь шолгIа меттиг яьккхина хилар.

Цул сов, регионо дика кхиамаш баьхна, Россин Президентан В.Путинан тIедахкарш кхочуш а деш, зорбанан продукци йохкарехь.

Иштта, А.Дудаевс дийцира карарчу хенахь нохчийн халкъана а, цуьнан куьйгаллина а дуьхьал дIахьош йоккха хаамийн кампани хиларх, иза Iедал, юкъараллин институташ аьшнаш ярна тIехьажийна хиларх лаьцна.

Цуьнца доьзна Р.Кадыровс билгалдаьккхира Нохчийчоьнна дуьхьал дIахьош бакъонца хаамийн тIом хилар.

«Цуьнан Iалашо ю юкъараллин-политикин хьал талхор, вайн чохь къийсамаш буьйлабалийтар, вайн регионан сий-ларам дуьненан юкъараллина хьалха лахбар. И декхар кхочушдарна тIехь болх беш ю малхбузера дийнна институташ. Уьш юкъаралла екъаяларе сатуьйсуш бу, республикера а, Россера а хьал карзахдаккхархьама халкъах пайдаэца гIерташ бу. Делахь а, вай кхиамца царна дуьхьал гIуллакхаш деш ду», – элира республикин Куьйгалхочо.

Цо Правительствона тIедиллина министерствона реорганизаци яран гIуллакх сихха чекхдаккхар.

Д.АНАДЕВ
№25, оханан (апрель) беттан 3-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: