Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Соьлжа-ГIалин мэраца Кадыров Хас-Мохьмадца цхьаьнакхийтира.
Цара дийцаре дира пачхье социальни-экономикин кхиоран гIуллакхаш.
Кадыров Рамзана декъалвира Хас-Мохьмад Соьлжа-ГIалин мэр чIагIварца, балха тIехь цуьнан кхиамаш хуьлийла шена лууш хилар а хаийтира.
«Урхалла даран кхоччуш зеделларг, лаккхара корматалла, дика кхеташ хиларо гIо дира шуна хьалха хиллачу белхашкахь хьалха хIиттийначу Iалашонашка кхача. Со тешна ву, республикин куьйгалло шайх тешийна гIуллакх аш дика кхочушдийриг хиларх», – элира цо.
Регионан Куьйгалхочо дийцарехь, хIокху шарахь Соьлжа-ГIалахь бан лерина дукха болх бу.
«ГIалин хьал» Къоман проектан гурашкахь Соьлжа-ГIалахь бан лерина некъаш дахкаран а, тодаран а белхаш. Юккъерчу барамехь, 54 некъа тIе асфальт юьллур ю. Цул сов, чохь Iен кхераме йолчу 547 петар чуьрчу бахархошна керла хIусамаш лур ю. Иштта, дешаран декъехь дерг аьлча, вархI школо дешархошна шайн неIарш схьайоьллур ю, кхитIе, 8 976 меттиг йолуш, кхо корпус а, 25 берийн майда а йийр ю», – элира Соьлжа-ГIалин мэра.
Республикин Куьйгалхочо тидам тIебахийтира гIалахь еш йолу муьлхха а гIишло шен проект йолуш а, барт бина, тIеэцна а хила езаш хиларна.
«Соьлжа-ГIалахь тайп-тайпана проекташ ю кхочушъеш. ХIора объект гIалин архитектурица йогIуш хила еза. ХIора ураман я проспектан проект ю, керла еш йолчу гIишлошца йогIуш. Iалашо йоцуш йинчу объекташа машенашна дIасаяха новкъарло йо», – элира республикин Куьйгалхочо.
Коьрта декхар – гIалин бахархошна Iердахаран бегIийла хьелаш кхоллар дуй хаийтира цо.
«Вайн уггаре а коьрта Iалашо ю Соьлжа-ГIалин бахархошна а, вай долчу богIучу хьешашна а, туристашна а бегIийла хьелаш кхоллар. Хьалха хIоттийначу Iалашоне кхачархьама вайна тIехь ду собарца къахьегар. Корматалла а, белхан зеделларг а шуьгахь ду. Шун куьйгаллица Устрада-ГIала дикачу агIор хийцаелла. Амма Соьлжа-ГIалица долу гIуллакх дукхазза а хала хир ду. Республикин пачхье хIинцачул а исбаьхьа, хаза хила еза», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.
Л.ДАУТОВА
№25, оханан (апрель) беттан 3-гIа де