Соьлжа-ГIала къагийна дIахIуттур ю Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах проспект

Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хьаьжира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Соьлжа-ГIаларчу проспектехь дIахьош болчу белхашка.

«Минутка» майданара «Луч» куьпа кхаччалц болу некъ а, некъаца йолу гIишлош а тоеш, хазъеш, керлачу куьце ялош ю.

Кадыров Рамзанца цхьаьна вара Нохчийчоьнан Правительствон Председателан заместитель – юьртан бахаман министр Закриев ИбрахIим, Соьлжа-ГIалин мэр Кадыров Хас-Мохьмад.

Цара республикин Куьйгалхочуьнга дийцира коьрта белхаш хIинцале чекхбаьхна хиларх лаьцна.

Говзанчаша дIадолош ду некъа тIе асфальт йиллар. Проспектан йохаллехь йолчу садаIаран меттигашка экъанаш ехкина, бордюран чхараш дехкина, карлаяьхна комуникацеш, некъан билгалонаш хIиттийна, ураме серлонан бIогIамаш доьгIна, 930 синт ар доьгIна.

ДIадолийна гIанташ, нехаш чу кхийса тускарш дIахIиттор.

«Минутка» майданара лаьтта бухахула дIасавахаран меттигаш тойина евллачу новкъа ю. Цигара белхаш герггарчу 10 дийнахь чекхбохур бу.

Соцсетехь йолчу шен агIонехь Р.Кадыровс билгалдаьккхина 2020-чу шарахь Соьлжа-ГIалара 49 урам тобина хилар.

«Карарчу шарахь дан лерина а ду дуккха а гIуллакхаш. ГIашлойн керлачу некъаца дIавоьдуш суна дагаяьхкира Соьлжа-ГIала а, кхийолу гIаланаш а, ярташ а йохийна, саьлнашка ерзийна хилла хенаш. Вай метта а хIиттийна, керла ян а йина бIеннаш гIишлош, цIенош, больницаш, школаш, берийн бошмаш, тодина эзарнаш километраш некъаш. ХIора керла динчу цIенца дикано вонна тIехь толам баьккхина хиларан ойла кхоллалора сан. Иштта ду хIинца а. Вайн коьрта декхар ду республикерчу бахархойн дахар мелла а аьхна дар. И декхар вай дуьззина кхочуш а дийр ду», – яздина регионан Куьйгалхочо.

Д.ПАШАЕВ
№25, оханан (апрель) беттан 3-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: