Мел хаза ю хIинца Долинск

Казбек Вахаев (2)

Кху деношкахь даздаран хьолехь схьайиллира меттахIоттийна йолу Грозненски районера Долинск юрт.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин муфти Межиев Салахь, иштта министерствийн, ведомствийн куьйгалхой, кхиберш.

Цхьаьнакхетар дIадолош кхузахь белхаш бинчарна баркалла а олуш, бахархой декъал а беш вистхилира Кадыров Рамзан.

– Ши бутт хан а яцара Долинск меттахIотто йолийна, хIинца ца довззал хийцаделла кхуьнан сибат. Вайн республика кхиорехь яьккхина кхин цхьа гIулч а ю хIара. Суна баркалла ала лаьа кхузахь белхаш бойтуш хьалхаваьлла леллачу хIусамийн-коммунальни бахаман министрана Айдамиров Асланбекана, иштта хIара белхаш беш дакъа мел лаьцначунна. Ткъа бахархошка, кхузахь динчун пусар а деш, кхитIе шайн юрт хаз а еш, гIоза дехийла ала  луур ду, – элира республикин Куьйгалхочо.

Р.Кадыровс «Къинхьегамехь билгалваларна» сийлаллин знакаца совгIат дира Айдамиров Асланбекана, иштта Сийлаллин грамоташ яларца билгалбехира кхузахь къаьсттина жигара къахьегна белхахой.

Ламасталлин цIен аса хадийначул тIаьхьа Р.Кадыров гулбеллачаьрца цхьаьна меттахIиттийначу гIишлошка бIаьрг тухуш чекхвелира, иза резахиллера гуш долчу суьртана.

Долинскехь меттахIоттийнарг 560 хIусам йолуш дукха гIаьтнаш долу 47 цIа ду. Цул сов, 200 стагана лерина маьждиг а, спортан зал а, администрацин гIишло а йина кхузахь. Иштта капитальни ремонт йина 120 берана лерина йолчу берийн бешана, школана, лоьрийн амбулаторина,  ЖКХ-н урхаллин гIишлонна. Хийцина канализацеш, хин, газан биргIанаш, токан серий. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу региональни фондан харжийн чоьтах меттахIоттийна ю юрт.

Официальни дакъа дIадирзинчул тIаьхьа кхузарчу божаберашна совгIатна 300 вилспет а, зудаберашна  тайнигаш а елира.

 

М.РУСЛАНОВ

№ 63, шинара, 9 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: