Нохчийн халкъан цхьааллин билгало йолу «Къоман яй» Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана Ӏалашбийр бу

Нохчийн къоман сийлахьчу сийлаллех болу «Къоман яй» «юхаберзийна».

Шайн бух а болуш схьадовлар долчу нохчийн тайпанийн цӀераш тӀехь а йолуш, халкъо лоруш а, Мехкан-Кхиэло Ӏалашбеш а хилла яй бу буьйцург.

Иза, хууш ма-хиллара, Шемалан заманахь байна бара, цхьаболчу хаамаша иза лалор а, кхиболчу хаамаша иза Ӏинах кхоссар а хьоьхуш.

Шен заманахь Мехкан-Кхиэлан уггаре а ларамечу стагах тешош хилла «Къоман яй», хӀинца, нохчийн халкъан тукхамийн а, тайпанийн а векалийн цхьабосса хиллачу сацамца, Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга, нохчийн халкъан Мехкадега, нохчийн халкъан ламасташ а, Ӏадаташ а лардархочуьнга Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзане дӀабелла – карарчу а, тӀейогӀучу а ханна цуьнга а, цуьнан доьзале а иза Ӏалашбайта.

Нохчийн халкъан цхьааллин а, бертан а билгало а, тоьшалла а ду «Къоман яй». Иза Нашхахь хилла бу. Кадыров Рамзане «Къоман яй» дӀабелларг Нохчийн Республикин муфти Межиев Салахь-Хьаьжа ву.

Цул сов, нохчийн халкъан цхьааллин билгалонаш йолу кхин ши сийлалла а дӀаелла Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзане: «Къоман тептар» а, «Къоман мухӀар» а.

Къоман и сийлаллаш, карарчу а, тIейогIу йолчу а хенашкахь цо а, церан доьзало а Ӏалашйийр ю.

Билгалдаккхар: Тахана юкъараллехь болчу хаамашца, «Къоман яйн» истори XII-чу бӀешарахь дуьйна дӀайолалуш ю, 1843-чу шеран биста кхаччалц иза хилла хиларан тоьшаллаш ду.

И.ИСЛАМОВ
№25, оханан (апрель) беттан 3-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: