«Денбелла турпалхой»

Нохчийн Республикин А.Айдамировн цIарахчу къоман библиотекехь республикин «Турпалхой» проектан дIасабахьалучу гайтаман «Денбелла турпалхой» гайтам хилира.

Цигахь дакъалоцуш вара республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министр, полицин инарла-лейтенант Алханов Руслан, республикин Куьйгалхочун пресс-секретарь Вахидов Iилман, республикин Физически культурин а, спортан а, кегийрхойн политикин а министран заместитель Ибрагимов Iийса.

ЦIен аса хадош схьабиллира гайтам.

«Турпалхой» проектан куьйгалхочо Абдулвагапов Жабраила хьешашка экскурси яйтира, дийцира шайн декхарш кхочушдеш кхелхинчу бакъонашларъяран органийн белхахойх лаьцна а, уьш муха кхелхина а.

Шайн декхарш кхочушдеш кхелхинчу бакъонашларъяран органийн белхахойн, «Россин Турпалхо» цIе еллачеран, иштта, доьналла гойтуш, шайн дахар дIаделлачу маьршачу нехан 101 сурт дара гайтаме диллина.

ХIора а суьртана бухахь яздина дара турпалхо мила, мичара, хьенан ву, шен дахар дIа а луш, исторехь виссал, цо муьлха хьуьнарш гайтина.

– Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) Нохчийчуьра терроризм дIа а йоккхуш, нохчийн халкъ машаран новкъа даьккхира. Цо нийса а, беркате а гIулч яьккхира, таханлера хIара паргIато вайгахь хилийтархьама. Шен дахар а, са а дIаделла цо оцу новкъахь. КIезиг бац Ахьмад-Хьаьжин новкъахь шайн дахар дIаделларш а, – элира Алханов Руслана.

– Нохчийн дуккха а бу халкъан а, мехкан а дуьхьа шайн дахар дIаделла турпалхой. Царах хIора а хьакъ ву шех лаьцна хаа а, довза а. Кегийрхошна шайн халкъан истори йовзийта еза, ткъа истори турпалхой а боцуш ца хуьлу. Тахана гайтамехь бовзуьйтуш болчу турпалхойн цIераш, доьналла довзар а, истори йовзар а ду. Суна чIогIа мехала хета «Турпалхой» проектан куьйгалло дIахьош долу гIуллакх. Цкъа делахь, шайн мехкан дуьхьа дахар дIаделлачеран сий дар ду иза, шолгIа делахь, кегийрхошна масал хилла а ца Iаш, истори йовзар а ду, – элира Вахидов Iилмана.

2019-чу шарахь дуьйна дIахьош бу «Денбелла турпалхой» гайтам.

ХIинцале республикин ерриге а гIаланашкахь дIабаьхьна иза.

Оцу берриге а гайтамашкахь дакъалаьцна 10 эзар стага, ткъа социальни сеташкахула цхьа миллион гергга стаг хьаьжна.

«Турпалхой» пректан куьйгалло хIокху шарахь керла Iалашо хIоттийна шена хьалха.

Иза, «Денбелла турпалхой» дIасабахьало гайтам, юха а вайн ерриге а гIаланашкахула чекхбаккхар а, хьовсархойн барам 50 эзарне хьалакхачо а, социальни сеташкахь болчу хьовсархойн барам 2 миллионе кхачор а ю.

ВЕГИЕВА Макка
№25, оханан (апрель) беттан 3-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: