ГӀаланашкахь аьхна хьелаш кхолларан Ерригроссин конкурсехь толам баьккхинчарах нохчийн ши гӀала ю: Шела а, Курчалой а.
Курчалойхь кхочушъян йолийна къовсамехь толам баьккхинчу паркан проект.

Проектан цӀе «Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу проспектехь юкъараллин майданаш тояр» яра.
Проектаца нийса а догӀуш, цигахь ловзарийн майданаш а, дечиган лабанаш а, охьаховша гӀанташ а хир ду, цул сов, юкъарчу суьртаца догIуш долу гӀашлойн некъаш а дохкур ду, бираьнчигаш а хӀиттор ду.
Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министран заместитела Ибрагимова Алисас дийцарехь, оцу белхашна къастийнарг 70 млн. сом гергга ахча ду.
Карарчу шарахь, «Кхерамаза а, дика а автомобилийн некъаш» проектан гурашкахь, Курчалойхь 5 урам тобийр бу, иштта, 2022-чу шарахь кхин кхоъ юкъараллин майда а ю тоян лерина.
Дагадоуьйту, карарчу шарахь а, Ерригроссин онлайн-кхажтасар а хирг хилар. za.gorodsreda. ru платформи тӀехь дӀахьур долчу (26.04.21– 30.05.21) кхажтасарехь къастор ю тӀедогӀучу шарахь тойийр йолчу юкъараллин майданийн дизайн-проекташ.
№25, оханан (апрель) беттан 3-гIа де