Халкъийн доттагIалла литературехула чIагIдар

ХIора шарахь оханан (апрель) беттан 2-чу дийнахь билгалдоккху «Белоруссин а, Россин а халкъийн цхьааллин де». Халкъашна юкъахь барт, машар, доттагIалла чIагIдаран Iалашонца билгадоккху иза.

Цу денца Белоруссин халкъаш декъал а деш, кIеззиг дийца лаьа цаьрца долчу литературин гергарлонех лаьцна.

Нохчийн яздархойн говзарш белорусийн матте а йохуш, церан тоьлла говзарш вайн матте а гочъеш, схьадогIуш беркате гергарло ду цаьрца. Цу декъехь жигаралла гойтуш, уггаре а дукха къахьегар нисло нохчийн поэтан, гочдархочун Ахматукаев Адаман.

Белоруссин байташ а, дийцарш а гочдеш, «Орга», «Вайнах», «Нана», «Гоч» журналийн агIонаш тIехь зорбане даьхна ца Iаш, Адама гочйинчу байтийн «Белорусин поэзин агIонаш» цIе йолу гулар а арахийцира Нохчийн Республикин Яздархойн союзо 2018-чу шарахь. Классикашна тIера къоначу поэташна тIекхаччалц, ткъех автор вара оцу юкъа ваханарг.

Цул сов, 2019-чу шарахь «Гоч» журналан леррина йолу номер кечйира Белоруссин фольклорана а, литературина а лерина.

ХIетахь Белоруссин зорбанан министр лаьттинчу, карарчу хенахь «Седа» цIе йолчу зорбанан цIийнан директор – коьрта редактор волчу Карлюкевич Алеса язйина шайн литературехь долу хьал довзийтаран статья а яра журналан агIонаш тIехь. Жумалаева Лулас, Кадиев Руслана, Ахматукаев Адама цаьрца тесна зIенаш тIеюзуш, гочдархойн могIанаш тIедуьзна вайн яздархоша.

2020-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь «Белорусийннохчийн литературин зIенаш чIагIъярехь жигара къахьегарна» Сийлаллин грамоташца совгIаташ дира Ахматукаев Адамна, Борхаджиев Хож-Баудина, Сейлмуханов Мусана, Алиев Мохьмадна, Арсанукаев Мусана, хIокху могIанийн авторна а.

Иштта, хьахон хьакъ хетачух ду Адама а, ас а гочйина Рабиндранат Тагоран «Бангладешан гимн» дуьненан шовзткъе итт гергга матте а яьккхина, книга арайоккхуш, нохчийн маттахь язйинарг а цу юкъа яхана хилар.

ПЕТИРОВА ПетIамат
№25, оханан (апрель) беттан 3-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: