Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон дIадолорца 2021-чу шеран оханан (апрель) беттан 12–17-чуй деношкахь Нохчийн меттан институто дIахьур ю республикин нохчийн меттан а, литературин а хьехархошна юкъахь «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо — 2021» аьлла, республикин ламасталлин конкурс.

Конкурсехь дакъалаца аьтто бу Нохчийн Республикин юкъарадешаран учрежденийн нохчийн меттан а, литературин а хьехархойн.
ХӀорашеран «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо» республикин конкурс дӀахьош ю оханан беттан 25-чу дийнахь билгалдоккхуш долчу Нохчийн меттан денна лерина кхочушдечу гӀуллакхийн гурашкахь.
Иза дӀаяхьаран Ӏалашо ю нохчийн меттан а, литературин а хьехархошлахь кхоллараллин хьехархой гучубахар, царна гӀо дар, хьехархочун белхан сий лакхадаккхар.
Юьйцуш йолу конкурс 2010-чу шарахь дуьйна дӀахьош ю.
«Нохчийн меттан тоьлла хьехархо — 2021» республикин конкурсан зераш чекхдевлча билгалбохур бу нохчийн меттан тоьлла хьехархой.
2020-чу шарахь «Нохчийн меттан тоьлла хьехархо — 2020» республикин конкурсехь хьалхара меттиг Гуьмсан кӀоштарчу Ойсхаран №1 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Имхаджиев Дауда а, шолгӀа меттиг Курчалойн кӀоштарчу Илсхан-Юьртан школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Успанова Жанетас а, кхоалгӀа меттиг Хьалха-Мартан гӀалин №6 йолчу школин нохчийн меттан а, литературин а хьехархочо Тасуева Тамарас яьккхира.
З.ХИЗИРОВА
№25, оханан (апрель) беттан 3-гIа де