Хабаровск гIалахь дIаяьхьира греко-римски кепара охьатохархлатарехула Россехь хьалхеяккхаран турнир.

Цигахь дакъалоцуш вара Россин регионашкара 17 шарера 21 шо кхаччалц хенаш йолу 324 спортсмен.
Вайн республикера оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш бара «Ахмат» спортан клубан спортсменаш.
Кхаа дийнахь дIадаьхьира къийсадаларш.
Цигахь хьалхара меттиг яьккхира Имадаев Муслима (67 кг), шолгIа меттиг – Бакаев Хьусайна (63 кг), кхоалгIа меттигаш – Исаев Муслима (63 кг), Алиев Ислама (72 кг), Сайдаев Басхана (82 кг).
Толамхой билгалбехира мидалшца, кубкашца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№25, оханан (апрель) беттан 3-гIа де