Россин МЧС-н Нохчийн Республикехь йолчу Коьртачу урхаллин куьйгаллин тIедилларца нийса а догӀуш, некъан бохаман тIаьхьенаш дIаяхаран декъехь Iамораш хилира хIокху деношкахь Шелахь.

ЦӀеяйъаран-кӀелхьарадахаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран Ӏалашонца вовшахтоьхна дара и гӀуллакх.
Ӏамораш дуьйладелира хаамийн системо некъан бохам а хилла, машен, цӀе а яьлла, йогуш ю аьлла хаам барца.
Цул тӀаьхьа, дукха хан ялале, Шелара №18 йолчу цӀеяйъаран-кӀелхьарадахаран декъан белхахой схьакхечира цига.
Церан ши Ӏалашо яра: некъан бохамехь лазийна стаг машен чуьра схьаваккхар а, цӀе дӀаяйар а. И гIуллакх сиха а, бакъонаш ларъеш а, нийса а дан дезара.
Иштта, МЧС-н белхахоша йовзийтира йохийначу машен чуьра лазийнарг схьаваккхаран а, цIейойъург нийса лелоран а кепаш. Гайтира, некъан бохамашкахь лазийначарна больнице кхачале гIо муха дан деза а.
охам хиллачохь сиха гIо дан шаьш кийча хилар а, шайгахь хьуьнар, хаарш хилар а гайтира МЧС-н белхахоша.
Iамораш дIахьочу хенахь, «бохам хилла» некъан меттиг ГИБДД-н белхахоша дӀакъевлира. Автоинспекцин белхахоша цига йогIу леррина машенаш паргIат чекхйовлуьйтура, совнаха тӀе а ца юьтура.
Оцу Iаморашкахь шина агӀора (МЧС-н а, ГИБДД-н а) дакъалоцуш вара 15 белхахо а, 3 леррина техника а.
А.МУСЛИМОВ
№25, оханан (апрель) беттан 3-гIа де