Хореографин коллективийн конкурс хилира

Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис Инстаграмерчу шен агӀонехь бинчу хаамца, хӀокху деношкахь, Нохчийн пачхьалкхан «Вайнах» ансамблан Хелхаран цӀийнехь хелхарш дезачу (любительски) хореографин коллективашна юкъахь конкурс хилира.

Нохчийн Республикин культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшо вовшахтухуш, дIахьош ю хIорашеран къоман хелхаран «Нохчийн хелхар» республикин фестиваль-конкурс. 2010-чу шарахь дуьйна, ламасталлин конкурс а хилла, дIахьош ю иза.

Конкурс дIаяхьаран коьрта Iалашо ю хореографин искусствон ламасталлин культурин тоьлла агIонаш кхиор а, Iалашъяр а, кегийрхошна нохчийн къоман хелхаран хазалла, оьздангалла гайтар а, йоI-кIант хелхадаларехь лардан дезачу гIиллакхийн маьIнех кхетор а.

Республикин 14 кӀоштарчу жимачу а, йоккхачу а ансамблаша дакъалалецира цигахь. Конкурс дӀаяхьар Хелхаран дуьненаюкъарчу денна лерина дара, иза цхьана турах лаьтташ а, кхаа номинацехула а яра.

Вайн республикин культурин а, искусствон а хьаьрмийн тоьллачу говзанчех лаьттачу жюрин а, хьовсархойн а кхиэле диллира: къоман тоьлла духар, хелхаран тоьлла постановка, хореографин тоьлла коллектив къастор.

Хелхарш гойтучу коллективашна уггаре а «луьрачу» бехкамех цхьаъ дара хелхар дарехь нохчийн къоман оьздангалла а, къоман вад а лардар. Жюрин сацамца конкурсан Гран-При Шелан кӀоштарчу иллин а, хелхаран а «Аьрзу» ансамблана елира.

Конкурсан хьалхара меттиг шина коллективо, Ю.Сакказовн цӀарахчу «Ахмат» коллективо а, Грозненски кӀоштарчу «Кегийрхой» коллективо а йийкъира, шолгӀа меттиг Курчалойн кӀоштарчу хореографин «Турпалхо» коллективо яьккхира, кхоалгӀа меттиг Шуьйтан кӀоштарчу хелхаран «Шото» коллективо а, Устрада-ГӀаларчу культурин урхаллин иллин а, хелхаран а «Орга» ансамбло а йийкъира.

Конкурсан леррина долу «Хореографин тоьлла постановка» совгӀат Шелан кӀоштарчу хореографин «Аьрзу» коллективан исбаьхьаллин куьйгалхочунна Абуев Саламбекана дира.

«Къоман тоьлла духар» номинацин совгӀат Грозненски кӀоштан «Кегийрхой» коллективана делира.

Конкурсехь дакъалаьцначу ерриге а коллективашна дипломаш делира.

Толам баьккхинчу коллективаша вайн республикин хореографин культурин кхиар гойтуш, Россин а, дуьненаюкъарчу а конкурсашкахь а, фестивалашкахь а дакъалоцур ду.

№25, оханан (апрель) беттан 3-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: