Россин шуьйрачу хаамийн кхин цхьа гIирс а хIоьтти Нохчийчоьнан, цуьнан куьйгаллин а «доттагIийн» могIаршка – «Коммерсант» газет. Юкъараллехь, зорбанца зIе йолчарна дика девзаш ду иза шен къаьсттина хьежамаш хиларца: шена хетарг коьрта ларарца, иза шеконе дилла гIортар тардолуьйтуш цахиларца, аьлча а, шен агIонаш тIехь дийцинарг (тахана хьалха лаьттачу декхаршца догIуш ду-дац, бакъ-харц бохург хьесапе ца оьцуш) тIаьххьарчу тIегIанан сацам бу аьлла хеташ болчух тера ду цигара журналисташ.
ДуьххьалдIа ишттий бен кхетадойла яц, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дерриге а «сакхташ гучудаха гIертарх» шайн гIуллакх ца хилча, цунах хьакхалуш дерг «ахка» уьш буьйлабалар. ХIинца юьхьарлаьцнарг Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу регионан юкъараллин фонд ю. Газето бина «талламаш» бешча хьалха хIутту ша хIун дуьйцу ца хууш волу чIимаш биънарг. Хьовсал шу. Газето шен дешархойн тидам тIебохуьйту дIадаханчу шеран ноябрехь Пачхьалкхан Думин комитето 2015-чу шарна Нохчийн Республикина 20 миллиард соьман барамехь йолу дотацеш къобалйина хилар, кхуззахь дустуш хIинцца Россина юкъаеанчу ГIирмина къастош дерг 17 миллиард бен цахилар билгал а доккхуш. Соьга хаьттича, кхетам дикка эшна хила веза иштта дустарш деш верг: цхьана тIегIан тIе муха хIоттор ю бохам бохург хIун ду ца хиъна ГIирма а, къизаллех буьзна хиллачу тIемаша дерриге а хIаллакдина йолу вайн республика а?
Автора шен статьян юьххьехь газетдешархойн тидам сацо гIерта Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу юкъараллин фонд кхузахь федеральни бюджетал хIумма а лахарчу мехаллин лоруш цахиларна а, мехкан коммерчески организацешна юкъахь «къайленаш» уггаре а дукха йолчарах цхьаъ хиларна а. Иштта дIахьедар ша дина хилар виц а велла, жимма лахо журналиста хаамбо 2012-чуй, 2013-чуй шерашкахь фондо еллачу отчетех лаьцна.
Амма цунах тоам ца хуьлу авторна. Иза тIетийжа коррупцина дуьхьал къийсам латторан «Trasparency International» организацин векалша бохучунна. Ткъа цара чIагIдарехь, харж йинчу хIора соьмах лаьцна хаам хила беза юстицин министерствехь, гайта деза хIора мисканна делла сом, динчу хIора цIийнах дIадаьлла ахча, аьлча а, газетана а, лакхахь юьйцуш йолчу организацина а хаа лаьа фондехь ахча мел хилла, иза стенга дахана. Кхачо ца йо оцу декъехь республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь зорба тухуш болчу хаамех а.
ХIан-хIа, авторшна оьшуш берш берриге а хаамаш бу, царна ревизи ян, динарг, йина харж нийса хилар шеконе хIотто таро хуьлуьйту болу хаамаш. Газето тидам тIе ца бахийтинехь, схьахIуьттучу суьртехь, цунна хууш хиллачух тера дац хIора шарахь хьовха, хIора баттахь а фондо деш долчу гIуллакхех болу хаамаш шен сайта тIехь гайта безаш хилар. Муьлха хIун зIе ю республикин Куьйгалхочун сайтана а, фондо дечу гIуллакхашна а юкъахь, нагахь и фонд цуьнан ден цIарах хилар ца лерича? Нагахь бакъоне диллича, цхьана а кепара вовшашца йозуш яц и шиъ.
Цуьнца доьзна газетан журналисташка а, коррупцина дуьхьал къийсам латтош болчаьрга а ала луур дара: схьадуьйла республике, хьовса йина лаьттачу башхачу гIишлошка, хIора юьртахь бохург санна мискачу нахана динчу цIеношка, медицинин а, культурин а учрежденешка (царна чу хIиттийначу кхузаманахьлерчу гIирсашка), цхьаъ ца кхоллийта маьждигаш-м ас хьехор а дац. Бинчу «талламаша» цунна дуккха а хIуманаш «гучудаьхна» хилар хьесапе эцча-м муххале а.
Газето охьаягарйо тIаьхьарчу цхьайтта шарахь фондо медицинин учрежденешна йина ремонташ, къелла токхуш бохкучу сомалийцашна (иза шеконе хIотто гIерташ) дина материальни гIо, шен-шен хенахь нах ХьаьжцIа бахийтар вовшахтохар, ур-аттал 65 миллион соьмана харж а еш, Томскехь тодеш хилла ЦIен маьждиг кху шеран мартехь тодина далийтар а. Фондо динчу а, хIора дийнахь дечу а гIуллакхийн иштта чIогIа бала кхаьчна шаьш делахь, лерина лара йина харжаш, цхьа а сом гал ца долуьйтуш хьесапе эца динарг.
Цуьнца цхьаьна диц ма делаш дарба лело, могашалла тоян, садаIа маса стаг вахана царах хIоранна а дайъина ахча лара, хала бохкучарна шен-шен хенахь ахчанца а, кхачанан сурсаташца а деш долу доккха гIо, дукха доьзалш болчарна а, таро йоцчарна а гIаьтнаш долчу цIенош чуьра дIаелла бIеннаш хIусамаш. ТIаккха таро хир ю шун юкъараллин фондо республикехь лелочу маьIнех кхета, деш долчу башхачу гIуллакхийн хьакъ боллу мах хадо. ХIан-хIа, иза дийр дац билггал кхин Iалашо юьхьарлаьцна хиларна.
Цхьана а хIуманна реза ца хуьлуш хьагI йолуш волчу стага лелочу гIуллакхех тера хета «Коммерсанто» зорба тоьхна статья. Муьлххачу а цхьана агIор фондана Iоттар ярхьама яздо автора Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин фондо шен ахчанах вовшахтоьхна хиллачу спортан «Колизей» комплексехь дIаяьхьна хиллачу турнирах. Хьахоза ца дуьту и бахьанехь машенаш дIасалелар доьхкуш ах гIала гергга дIакъевлина хилар (комплексана гуонаха долу урамаш бен дIакъевлина ца хиллехь а), цигахь хилла хьеший, регионан правительствон декъашхой, бизнесменаш.
ХIунда бохуьйтуш бу оцу бакъдолчунна тIе тидам? Цунах кхета статья кхидIа ешча. ЧIогIа синтем байна ву автор фондан спонсорш муьлш бу, цунна ахча мичара хуьлу ца хууш. Иза дерриге кара а до цунна. Схьалоцур вай, масала, ша кхоьллинчу хьалхарчу дийнахь дуьйна фондан куьйгалхо йолу Кадырова Аймани. «Лайнер-1» фирма цо бакъо йолуш йиллина хилар шеконе хIотто гIерта журналист. Цунах гIуллакх хир доцийла а хууш, кхуззахь тIетуху: «шена тIебогIуш болу пайданаш гойтуш йоцчу компанин коьрта декхар кхачанан сурсаташ арахецар ду».
ХIун ду кхузахь законаш талхош дина? Налогийн органех цхьаъ къайладаккха гIоьртина, я налогаш пачхьалкхана, ша аьлча, республикин бюджетана эшам беш дIаелла? Цхьаьнца харцо лелийна, ямарт хилла? Шен тароне хьаьжжина фирма, компани кхолла цхьанна а доьхкуш ма-дац! Я авторна дицделла хIокху тIаьхьарчу шерашкахь, къаьсттина кризисан хьал чIагIделлачу хенахь пачхьалкхан куьйгалло бизнесна мел боккха тидам тIебохуьйту? Журналиста шен йозанашца гойту иза цуьнан Iалашонца догIуш цахилар. Цундела охьаягарйо цо республикехь кхоьллина цхьайолу компанеш, фирмаш, цигахь хьанна мел хIун дакъа кхочу, мила хьена гергара ву, иза мел юххера ду бохург коьрте а доккхуш. Оццу законо къобалдеш дерг емалдан, вовшашна юкъа тешам цахиларан зирх таса йолчу ойланца деш ду и дерриге а.
Къаьсттина беламе хета газето фондана тIебогIучу пайданийн хьостанех дерг дуьйцуш. ХIаъ, бакъду иза, болуш бу юкъараллин фондан тешаме доттагIий, шайна юкъахь алссам бизнесменаш а болуш. КIезиг бац республикехь фондо лелочу маьIнех кхеташ, цунна шайн таро йолччу кепара гIо деш берш а. Амма фонде цабезам кхолла гIертар санна хета автора деш долу дIахьедар: нохчийн чиновникаша дийцарехь, шен лаамехь-нуьцкъаллин хормехь ахча ло фондана, хIора баттахь иза далар тIехь а долуш.
ТIаккха масална даладо шен хенахь кхузахь динчу зуламех кIелхьаравала ведда вахана хIинца Францехь вехаш волчу Таипов Мусас аьлларг – Нохчийчуьрчу пачхьалкхан учрежденешкахь белхаш бечу бевзачара дийцина цунна и «бакъдерш». Цул совнаха, цо чIагIдо вайн республикехь тайп-тайпанчу предприятешкахь белхахошка Кадыровн къамелаш тIехь долу гуларш эцар доьху, бохуш. Цхьа а дуьхьало ян ца ваьхьа. Схьахетарехь, дIадаханчу бIешеран 90-чу шерийн чаккхенехь республикехь динчу гIуллакхашна бекхам хир буйла хууш пана-махка ваханчу цунна дика девзачух тера ду-кх кхузахь долу хьал?! Статьян авторна гуларех дерг леррина хаийта таро а хилла.
Цул а беламе дац-ткъа коммерчески йоцу «Ненан синтем байна хилар» юкъараллин меттигерчу куьйгалхочо Межидова Зайнапа аьлла бохург?! СхьахIуьттучу суьртехь НКО-н куьйгалхо долларшка сатуьйсуш волчух тера хета цуьнан ду аьлла журналиста далийна чIагIдар дешча.
«Нагахь хьо нохчи велахь – гIо де республикина!» Шен кийрахь нохчичун дог долчо куьг яздийр ду оцу дешнашна буха. ХIунда аьлча ворхIе дайшкахь дуьйна схьадогIуш вайн халкъан дохо йиш йоцу ламасташ ду уьш. Амма церан маьIна бIостанехьа даккха гIерта газет. Цо далош долу бакъдерш «элирий-бохурий» бохучунна тIехь хIиттийна ду, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин фондан къинхетаман гIуллакхаш цIена хиларх адамийн тешам байъа а гIерташ. Иза хиндоцург ду. Республикехь наггахь а карор вац цкъа мукъана а цуьнан къинхетамах пайдаэцаза, цо гIо даза. Цундела эрна ду аш мел лелийнарг, аш мел кхоьллинарг. Эрна шайн са ма даийша, господаш, нахера цхьаъ даккха гIерташ!
БIаьргтоьхнарг – Л.МАГОМАЕВ
№ 63, шинара, 9 июнь, 2015 шо