Соьлжа-ГIала «БIаьхаллин сийлаллин гIалийн» могIарехь йолу ялх шо ду

Соьлжа-ГIалина «БIаьхаллин сийлаллин гIала» цIе елла 6 шо кхачар билгалдаьккхира оханан (апрель) беттан 6-чу дийнахь.

Цигахь дакъалоцуш вара Соьлжа-ГIалин мэран заместитель Бурсагов Хьоза, Соьлжа-ГIалин тIеман комиссар Макчиев Сайд-Хьасан, Ерригроссин «Россин эпсарш» юкъараллин Нохчийн Республикехь йолчу отделенин куьйгалхо Нанаев Хьасан, кегийрхойн «Къона Кадыровхой» боламан жигархой, юкъараллин гIуллакххой, соьлжагIалахой.

Россин Къоман гвардин эскарийн 46-чу бригадин оркестро Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а гимнаш лакхарца дIадолийра даздарш.

– Соьлжа-ГIалин бахархоша тIеман шина кампанехь гайтина йолу майралла а, турпалалла а тидамза ца йисина. Нохчийчоь дуьненахь а евзаш ю шен турпалхошца. Терроризмана дуьхьал къийсам латтош декъалхилла Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, эзарнаш майра кIентий а. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца оцу турпалхойн цIераш тохкуш ю Соьлжа-ГIалин урамашна. Иштта, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман шерашкахь а шайн майралла гайтира соьлжагIалахоша. Лаьттахула шайга Соьлжа-ГIала ца яккхаелча, фашистийн эскарша хIаваэхула тIелатарца мехкадаьттан заводашна бомбанаш етташ доккха зен дира. Делахь а, йоццачу хенахь соьлжагIалахоша меттахIоттийна йолу заводаш юха а фронташна мехкадаьттан сурсаташ дIакхехьийта юьйлаелира, – дийцира Бурсагов Хьозас.

БIаьхаллин сийлаллин гIалин бахархой а, махкахой а дезачу а, маьIнечу а денца декъалбира Макчиев Сайд-Хьасана а, Нанаев Хьасана а.

«БIаьхаллин сийлаллин гIала» хIолламна хьалха зезагаш дехкира цхьаьнакхетаран дакъалацархоша.

Россин Къоман гвардин эскарийн 46-чу бригадин оркестро концертан программа гайтарца дерзийра даздарш.

ВЕГИЕВА Макка
№26, оханан (апрель) беттан 7-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: