Шайх Мохьаммад бен Зайед Аль-Нахайанан цIе тиллина Соьлжа-ГIаларчу урамна

Соьлжа-ГIалахь дIадаьхьира Индустриальни урамна Абу-Дабин тIаьхьенан элан Шайхан Мохьаммад бен Зайед Аль-Нахайанан цIе тилларан гIуллакх.

Даздаран хьолехь дIадаьхьначу оцу гIуллакхехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн Россин Федерацехь леррина а, юьззина а бакъонаш йолу векал Мохьаммад Ахьмад Аль-Джабер, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Соьлжа-ГIалин мэр Кадыров Хас-Мохьмад, кхиберш.

«Со воккхаве Россина а, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмираташна а юкъахь доттагIаллин уьйраш кхоллаелла хиларх. Оцу юкъахь доккха дакъа ду Россин Президентан Путин Владимиран а, тIаьхьенан элан Мохьаммад бен Зайед Аль-Нахайанан а. Тхо даккхийде, вай иштта цхьабарт болуш хиларх, цо вайн шина пачхьалкхан бахархошна дуккха а пайда бохьур бу аьлла а хета тхуна. Хаза кхаъ бу вайн пачхьенан цхьана урамо сан дикачу вешин Мохьаммад бен Зайед Аль-Нахайанан цIе лелориг хилар. Иза нохчийн дерриге а халкъан доттагI ву, цо доккха дакъа юкъадуьллу регионан экономика кхиорна», – билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.

Цо аьлла ма-хиллара, верасан элан сурт тIехь долу хIоллам республикин куьйгаллин а, бахархойн а баркалла а, ларам а гойтуш хIоттийна бу.

«Вай цхьаьна къахьегаран жамI тахана гуш ду – яккхий инвестицийн проекташ, кхоьллина йолу белхан меттигаш, республикин экономика кхиор», – элира Кадыров Рамзана.

Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн Россехь волчу векала Эмиратийн халкъан цIарах баркалла элира Кадыров Рамзанна а, оцу гIуллакхан дакъа мел долчунна а (ураман цIе хийцар).

«Суна йоккха сийлалла ю кху башхачу урамна Шайхан Мохьаммад бен Зайед Аль-Нахайанан цIе тилларан даздарехь дакъалацар. Тхуна доккха маьIна долуш ду республикин куьйгалло а, бахархоша а Шайхан Мохьаммад бен Зайед Аль-Нахайанан сий-ларам бар. Цунна а, Россин а, Нохчийн Республикин а куьйгаллина а юккъехь кхоллаелла вежараллин юкъаметтигаш», – элира цо.

Машар а, цхьаьнагIуллакхаш дар а чIагIдарехь хьуьнарш гайтарна а, дипломатийн гIуллакхашкахь баккхий кхиамаш бахарна а Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн векална Мохьаммад Ахьмад Аль-Джаберна «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал елира.

Кадыров Хас-Мохьмада билгалдаьккхира и урам дIадаханчу шарахь «Кхерамза а, дика а автомобилийн некъаш» къоман проект кхочушъяран гурашкахь тобина хилар.

«Нохчийн Республика а, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ а цхьаьнаюзу чIогIачу вежараллин а, динан а, доттагIаллин а, гIуллакхаллин а юкъаметтигаша. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан кхиаран некъ кхидIа а дIахьош волчу Кадыров Рамзанан хьекъале куьйгалла бахьанехь, Россин уггаре а кхуьуш йолчу гIаланашна юкъахь ю вайн пачхье. ГIалахойн Iер-дахар тодарна тIехьажийна массо а декъехь дIахьош боккха болх бу», – элира гIалин мэра.

Цул тIаьхьа Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн Россин Федерацехь волчу векала Мохьаммад Ахьмад Аль-Джабера а Абу-Дабин верасан элан сурт тIехь долчу хIолламна тIера шаршу дIаяьккхира.

Билгалдаккха деза йиъ эзар метр йохалла йолчу оцу урамна 2020-чу шарахь некъан боламан ялх аса йина хилар. Урам тобеш, кхузахь 100 эзар квадратан метр гергга силаман некъ биллира, тодира гIашлойн некъаш.

Ураман бохалла 200 гергга некъан билгалонийн бIогIамаш хIиттийра, автобусан социйлаш йира. Некъ 21 метре кхаччалц шорбира.

I.МУРТАЗОВ
№26, оханан (апрель) беттан 7-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: