ХIокху деношкахь 14 шо кхечи Кадыров Рамзан Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дарже хIоьттина.

2007-чу шеран оханан (апрель) беттан 5-чу дийнахь хилира иза оцу дарже хIотторна лерина инаугураци. Регионан бахархошна бакъонца деза де хилла дIахIоьттира иза.
Кадыров Рамзан Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дарже хIоьттира 12 сахьт 20 минот яьлча, Гуьмсел арахьа йолчу резиденцехь.
Инаугурацин даздаршкахь дакъалоцуш 1 500 хьаша а, 500 даржашкара стаг а вара.
Даздарш довзуьйтуш вара Россера 200 а, дозанал арахьара 70 а журналист.
Цул тIаьхьа дIадаьллачу 14 шарахь дуккха а хIума хийцаделла республикин дахарехь. ХьакхлагIашкахь Iиллина регион денъелла, кхиъна, къегина дIахIоьттина. ТIеман хиламаш чекхбевллачул тIаьхьа меттахIиттийна ярташ а, гIаланаш а хьалха хиллачул а хазъелла дIахIиттина.
Ладамечу кхиамех цхьаъ бара контртеррористически операцин раж дIаяккхар.
1999-чу шарахь дуьйна юкъаялийна яра иза республикехь. ХIокху беттан 16-чу дийнахь 12 шо кхочу иза дIаяьккхина.
Тахана Нохчийн Республика Россин уггаре а маьршачу, синтемечу, сиха кхуьуш йолчу регионех цхьаъ ю.
№26, оханан (апрель) беттан 7-гIа де