Бахархойн барам алсамбаларан гайтамца Россин регионашна юкъахь хьалхарчарах цхьаъ ю Нохчийн Республика. Цунна тоьшалла до, «Росстатан» хаамашна тIе а тийжаш, «Новости» РИА-с хIоттийначу рейтинган жамIаша.

Бинчу талламан жамIаша гойтуш ма-хиллара, тIаьхьарчу кхаа шарахь бахархойн барам алсамбаьлла мехкан 21 регионехь.
Нохчийчоьнца цхьаьна хьалхарчарна юкъахь ю Севастополь а, ГIалгIайчоь а, Ленинградан область а.
Нохчийчохь бахархойн барам 4,2 процентана алсамбаьлла.
Оцу гайтамийн хьесапаш даро тоьшалла до бахархой алсамбовлар Россин регионашкарчу пачхьенашкахь а, экономика кхиъна йолчу меттигашкахь а хилар.
Иштта, бахархой алсамбовларан тIегIа лакхара ду Къилбаседа Кавказерчу регионашкахь а, ГIирмехь а, къаьмнийн кхечу республикашкахь а.
Хь.САИДОВ
№26, оханан (апрель) беттан 7-гIа де