Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь «Зама – журналистийн бIаьргашца» книга йовзийтира.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентах, Россин Турпалхочух Кадыров Ахьмад-Хьаьжах (Дала гIазот къобалдойла цунан) лаьцна журналисташа язйина статьяш ю книги юкъаяханарш.
Книга йовзийтаран цхьаьнакхетарехь дакъалецира Нохчийн Республикин Правительствон вице-премьер Умаров Джамбулата, Нохчийн Республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас, иштта, пачхьалкхан урхаллийн а, юкъараллин организацийн а векалша.
«Зама – журналистийн бIаьргашца» книгин хIотторхочо, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула хьехамчас Ельсаев Iаламахьада шен къамелехь карладехира Нохчийчоь тIеман кIуьрлахь лаьттина шераш а, Ахьмад-Хьаьжин гIуллакхаш а.
– Книги тIехь болх бан тхо дуьйладелча, стохка дара иза, дуьненахь а даьржина ун, вайн махка кхаьчна, массо а шен-шен цIахь вара. Амма, тхан дехарна уьш юьстах ца бисира. 32 журналистан статья ю книги юкъаяханарг. Книга дIайолош хьалхара статья 2000-чу шарахь «Гумс» газет тIехь зорбане яьлла «Исповедь миротворца» Ахьмад-Хьаьжин статья ю. Иза хIетахь Нохчийн Республикин Администрацин куьйгалхо вара. Вайна массарна а дика дагайогIу и хан. Хала хилла ца Iаш, кхераме хан яра иза. «Гумс» газетан коьртачу редактора Борхаджиев Хож-Баудис, нохчийн кхиболчу журналисташа санна, бакъ дош хаьржина. Шен са ца кхоош, халкъана ма-дарра долу хьал довзийта лиира цунна. Иштта зорбане а елира и статья. Суна даггара баркалла ала луур дара, книги юкъаяханчу материалийн авторшна, нохчийн журналисташна. Дела реза хуьлда шуна! – элира I.Ельсаевс.
– Ахьмад-Хьаьжах (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) а, цо аьллачу дашах а, шайн цуьнца хиллачу цхьаьнакхетарех а лаьцна дерг цхьана книги юкъахь гулдина аш. Иза доккха беркат ду. Аш, журналисташа кхин цкъа а тоьшалла деш, дIадовзийти, Ахьмад-Хьаьжа шен халкъ а, Даймохк а кIелхьарабаккха, деза дукъ шена тIе а лаьцна, араваьлла хилар а, оцу некъа тIехь цо шен са дIаделла хилар а, – элира Межиев Салахь-Хьаьжас.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Сийлаллин грамота елира Ельсаев Iаламахьадана, книга вовшахтухуш дакъалаьцна журналисташ Баркаллин кехаташца билгалбехира.
ВЕГИЕВА Макка
№26, оханан (апрель) беттан 7-гIа де