ХIокху шарна шайна хьалха керла декхарш хIиттийначу Нохчийчоьнан латталелорхоша лаккхарчу боларшца дIаболийна бIаьстенанаренийн белхаш.
БIаьстенан культураш дIайоьн йолу майда 4,1 процентана алсамъяккха дагахь бу аренашлелорхой.
ТIаккха ерриге а майданаша дIалоцур ю 106,3 эзар гектар.
Оцу хьокъехь журналисташка хаам бина Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела – юьртан бахаман министра Закриев ИбрахIима.
«ДIадаханчу шарахь бIаьстенан-аренийн белхаш 102,1 эзар гектар майданахь дIабаьхьна хиллехь, цунах тоам ца беш, 2021-чу шеран бIаьста хIу дIадуьйр ду 106,3 эзар гектара тIехь. Цул сов, 13,2 эзар гектар майданашкахь кхуьуш дукхашерийн бецаш а ю», – элира цо.

Министра дийцарехь, хIу дIадерца боьзна болу белхаш бекарг (март) баттахь дIаболийра аренашлелорхоша.
Шайн техника уггаре а хьалха аренашка яьккхинчарна юкъахь бара Теркан, Невран, Шелковски, кхечу кIошташкара латталелорхой.
Де-дийне алсамйолуш ю аренашлелорхойн белхан жигаралла. Оцу белхашкахь дакъалоцуш йолчу техникин барам а бу денна алсамболуш.
Даккхий а, жоьпалле а декхарш лаьтта хIокху шарахь аренийн берриге а белхахошна хьалха.
Бахамаллин тайп-тайпанчу дакъошкахь къахьоьгуш болчу аренашлелорхоша дуьйш-дерзош лелор ду 289,9 эзар гектар латта. Цунах 164,4 эзар гектара тIехь дIадаханчу шарахь гуьйренан ялташ а, кхийолу культураш а дIайийна.
Церан кхиар, цкъачунна, дика ду. БIаьстенан юьххьехь даьхкинчу догIанаша дикачу агIор тIеIаткъам бийр бу гуьйренан ялташ кхиарна а, хьекъарна а.
«Таханлерчу дийнаь бIаьстенан-аренийн белхаш дIабахьарна юкъаозийна 1 600 сов техника. Царна юкъахь ю тайп-тайпанчу маркех йолу тракторш а, царна тIаьхьатосу гIирсаш а, машенаш а, кхиерг а. Аренашлелорхошна кхачойина дIаден оьшучу хIуьнца, ткъа иштта, ягорган-хьакхаран материалашца. БIаьстенан белхаш дIабахьарехь коьрта тидам тIебохуьйту буьртиган ялтийн а, даьттан а культураш дIаерна, кхиорна», – элира Закриев ИбрахIима.
Иза ларамаза а дац, хIунда аьлча, ялта массо хIуманан а корта бу. Иза хьийкъина кхиъна, цуьнан шорто хилча адамаш токхе хуьлу. И дагахь а латтош белхаш беш бу тахана республикин аренашкахь вайн берриге а латталелорхой.
Министра аьлла ма-хиллара, карара оханан (апрель) бутт чекхбалале чекхдоккхур ду буьртиган ялтийн хIу дIадер. Дуганан а, докъарийн культурин а хIу дIадер мелла а тIаьхьа чекхдер ду.
БегIийла даьхкинчу Iаламан а, хенан-хIоттаман а хьелех лаккхарчу эвсараллица пайда а оьцуш, белхан хенан кхоам а беш, къахьоьгуш бу вайн аранешлелорхой.
Цара дагахь латтадо бIаьстенан цхьана дийно Iаьнан цхьа бутт кхобуш хилар.
Д.ПАШАЕВ
№26, оханан (апрель) беттан 7-гIа де