6 эзар гектар юьртабахаман латтанашна хиш дохкур ду

Карарчу шеран чаккхенехь юьртабахаман 6 эзар гектар латтанашна хиш дахка лерина ю республикин Юьртан бахаман министерство. Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин вице-премьера – юьртан бахаман министра Закриев ИбрахӀима.

«Юьртан бахамийн чоьхьара хица кхачояран системина реконструкци ярца а, хица кхачояран лерринчу машенех пайдаэцарца а, карарчу шеран гурале, махкарчу юьртан бахаман 6 эзар гектар латтанашна хиш дахка ойла ю. Хица кхачояран машенаш латторан декъехь агротехнологин холдингаца бина барт бу. Проект ТӀехьа-Мартан а, Невран а, Шелковски а, Шелан а кӀошташкахь кхочушйийр ю», – хаийтина цо.

И белхаш дӀахьур бу ведомствон программин а, республикин «Нохчийн Республикерчу аграринпромышленностан сурсаташна экспорт яр» проектан а гурашкахь.

Карарчу шарахь эца лерина хица кхачояран 60 машен. И проект кхочушъяро, хенан хӀоттаме хьаьжна а доцуш, ялташ кхиорна Ӏаткъам бо.

ДIадаханчу шарахь республикерчу аграрин-промышленностан сурсаташна йина экспорт 9,2 млн. долларан барамехь яра, цул хьалхарчу шарца дуьстича, 177,5 процент а нислуш.

И.ИСЛАМОВ
№26, оханан (апрель) беттан 7-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: