Кавказан дуьххьарлерчу имамах Шайх Мансурах (Ушармех) долу дийцарш оха дерзадо цо, ша Санкт-Петербургерчу Шлиссельбург гIоперчу набахтехь волуш, шен махкахошка бинчу косткхайкхамца.

Халкъо шен иэсехь латтийна и кост-кхайкхам, герггарчу хьесапехь, иштта бара:
Сан хьомсара махкахой, дай, вежарий, лаьмнийн майра кIентий! Ас шуьга яздо генарчу а, хийрачу махкара – Петербухера.
Суна гонаха беккъа цхьа гIазакхий бен бац. Со шийлачу набахти чохь, аьчкачу гурана юккъехь ву. Делахь а, соьга ламаз дойту. Сан Дела даима а соьца, сан даг чохь ву. Берриге а керстанаш ца хилла, вай дайъа баьхкинарш санна, боьха шайтIанаш. Суна кху чохь гина лецна оьрсий. Цаьрца соьцачул а вуон бу хIорш. Лецначарна юкъахь а бу вайх кхеташ, вайх къахеташ, къийсамехь вайн кхиам хуьлийла лууш болу нах.
Сан хьомсара махкахой, дай, вежарий, лаьмнийн майра кIентий! Ас шуьга яздо генарчу а, хийрачу махкара – Петербухера. Суна гонаха беккъа цхьа гIазакхий бен бац. Со шийлачу набахти чохь, аьчкачу гурана юккъехь ву. Делахь а, соьга ламаз дойту. Сан Дела даима а соьца, сан даг чохь ву. Берриге а керстанаш ца хилла, вай дайъа баьхкинарш санна, боьха шайтIанаш. Суна кху чохь гина лецна оьрсий. Цаьрца соьцачул а вуон бу хIорш. Лецначарна юкъахь а бу вайх кхеташ, вайх къахеташ, къийсамехь вайн кхиам хуьлийла лууш болу нах.
Дела воцчунна цхьанна а ца хаьа вайх хIоранна Цо къастийнарг хIун кхоллам бу. Стагана Цо делла зераш даккхий мел хили а ирсе хир ду цуьнан эхарт. Делера ду вай мел лайнарг. Цундела, Дала сайна деллачу декъана реза ву со. Цунна хастам беш ву. Сайн кхолламна леткъамаш беш вац. Шуна сох къахетийла лууш вац. Со я хьал-бахам, я сийлалла, я хастам лоьхуш вацара. Далла а, сайн халкъана а лууш дерг деш вара со. Ас мел динарг АллахIан а, нохчийн халкъан а дуьхьа дина ду. Шуьга а доьху ас, сан махкахой, изза дар.
МохкдIалецархошца дIахьош болу вайн къийсам – сийлахь гIуллакх ду. И бахьанехь эхартахь вайна ял хир ю. ХIинца со гаурийн карахь ву. Уьш со къарван гIерташ бу. Суна цкъа кхерамаш туьйсу, юха маршо яла, дахаран зовкх кхолла чIагIонаш йо. И диканаш дийриг соьгара лоьху вайн къийсам дIатасар, вай мел лелийнарг гIалатло а, Iехадалар а ду алар. Уьш кийча бу со дIахеца, нагахь санна ас вайн махкахь цара мел лелош дерг нийса ду алахь. Вай шайна хьалха гора хIитта лууш бу мостагIий, шайн массо а омра вай кхочушдойла лууш бу, вайна тIехь дохнна тIехь деш дерриг дархьама, вай, лайш дина, дохкархьама, шайна дага ма деъана вай дайъархьама.
Сан дехарца, талмажо, со левечохь дакъалоцуш хилла волчу, дIаяздина хIара дешнаш шуьга дIакхачор ду. Ас дийцина цуьнга, гIенах со волчу кIайчу говрашкахь хьалха (паччахьан Россин эскарна дуьхьал къийсам дIаболабале) веана хилла волу ши бере хIинца а веана хиларх лаьцна. Цара соьга хаийтира сайн дахарх, сайн кхолламах сайна хеттарг дан АллахIа суна бакъо елла хилар. Сан дийна виса а, йийсарера паргIатвала а йиш ю я эхарта а вирзина, Далла дуьхьал ваха а йиш ю. Лекхахинволчуьнца хир долу цхьаьнакхетар хийцалур дуй соьга кху дахарехь доккхур долчу ткъа, ткъеитт, ур-атталла бIе шарца? Дахар а хир дарий цунах тIаккха – гай а юзош, мостагIаша сайн халкъ хIаллакдаре а хьоьжуш?
МостагIий дукха бу вайн. Мохк а бу церан боккха. Амма, АллахIа ницкъ лора вайна цаьрца тIом бан. ХIинца уьш вайл ницкъ болуш хилла хилар, тешнабехкаца а, ямартлонца а со схьалаца церан аьтто баьлла хилар хIумма а доцург ду. Со церан каравахана хир вацара Лекхахинволчо вайна ваьшна тIе куьг дахьар дихкина ца хиллехь. Туркойн гарнизонан хIоъ-молха долчу ларми чохь вара со, карахь латийна хаьштиг а долуш. Iайт! Ма чIогIа лаьара суна и ларма эккхийта! Со валарна кхоьруш вацара. Амма, Дала бинчу бехкамал тIехволийла дацара сан. Дела ву стагана дахар делларг, Цуьнан бен бакъо яц и хадо. Баккъал а, сайн ницкъ кхочург дерриге а дира ас Анапа гIап гаурех ларъеш. Далла лиъна хиллера цигахь вай оьшийла.
Амма, суна хаьа, ас дIахьедо шуьга, сан махкахой – иза тIаьххьара тIом бац! Суна хаьа, кхин цкъа а гур бац суна Дала вайна белла, ша саннарг кхин хила йиш йоцу мохк. Хаьа вай вовшашна кхин гур доций, сан хьомсара вежарий. Кестта чекхъер ю Везахинволчо суна хIокху дуьненахь яккха елла хан. Шуьца цхьаьна ас дерриге а дира вайн махкара, бIаьрга ван ца веза, мостагI эккхорхьама. Дала вайга бохура: «Майра а, къар ца луш а тIом бие, Ас гIо дийр ду шуна». Цо вайна гIо а дора, кхул тIаьхьа а дийр а ду. Ткъа аш Иза дохко ма ваккхалаш. Маршо яккхархьама хIинца а дуккха а цIий Iено дезар ду. Шух дукхахболчара шайн синош дIалур ду. Делахь а, тIом бан беза, тIом ца бича маршо яккхалур яц вайга.
Шух цхьаболчара, – бохкалучара, саьхьарчара, кIиллоша, дуьненан хьал-бахамах Iехабеллачара, – мостагIашна гIо деш дацахьара, вайга дуккха а хьалха кочара ваккхалур вара мостагI. Оцу нахах лардала деза, мостагIчо уьш оьцу харцонца, мекарлонца. Уьш а бу-кх вайн мостагIий, и мохкдIалецархой санна. Вайн халкъ цхьаьнакхетталц цуьнга толам баккхалур бац кхечу махкара баьхкинчарна тIехь.
Кхералаш, машаран байракха кIел а лечкъина, шен чIирхошна бекхам бан гIертачарах, нехан хьал-бахамна тIекхийдачарах, къаношна, зударшна, берашна халахетар деш болчарах. Дагахь латтаделаш – сийлахь гIуллакх цIена доцчу куьйгашца деш дац шуна!
Сан хьомсара вежарий! ПаргIат а ма довлалаш, дуьненан хьал-бахамна тIаьхьа а ма довлалаш! Вовшашна гIо делаш, оьшучунна сагIа лолаш, Далла Iамал елаш, динан цIеналла ларъелаш! Вайн мохк безалаш, иза вайн мостагIех лар а белаш. Вовшашна йинчу весашна гечделаш, къинтIера довлалаш. Ас а доьху шуьга, цхьана хIуманна тIехь халахетар динехь, сайна къинтIерадовлар. Дуккха а, ирсе а дахалаш! Суна уггаре а доккха ирс хир дара дайн махка, дагна хьомечу лаьмнашка, хишка, бIаьвнашка цкъа мукъане а бIаьргтоха йиш хилча, дайн лаьтта тIехь, гергарчарна а, бевзабезачарна а юккъехь дIаволла йиш хилча. Везачу АллахIа бусалбанашна йинчу ялсамани чохь цхьаьнатухийла вай. Iадика йойла!
Зорбане кечбинарг – С.ХАСАНОВ
№26, оханан (апрель) беттан 7-гIа де