Закриев Мохьмадан – «Абаден сибаташ» гайтам

Дуьне а, цунна чохь мел дерг а хӀора адамана шен кепара го. Цхьаверг Ӏаламан хазаллина тӀехволий дӀавоьду, кхечунна циггахь ган доьгӀнарг Делан ниӀмат хуьлу. Хьежаме а, лехаме а хьаьжжина гуш ду дуьне. Ткъа суьрташдахкархочун Закриев Мохьмадан «дуьне» цуьнан белхашкахь гуш ду. Даймахке а, халкъе а, Ӏаламе а болу безам а, хӀоранан дахарехь хьоме хуьлий юьсу маьргонаш а суьрташ тӀехь сацон ницкъ кхочу цуьнан. Искусствон хьаьрмахь шен васт, шен чам, доккха похIма, хазалла йолу суьрташдахкархо ву Мохьмад. Иза хаало цуьнан кхоллараллехь. Ишттачу говзанчин белхийн гайтам схьабеллар боккха кхаъ а бу.

Оханан (апрель) беттан 1-чу дийнахь А-Хь.Кадыровн цIарахчу Сийлаллин комплекс-музейхь Россин Суьрташдахкархойн союзан декъашхо а, Нохчийн Республикин хьакъволу суьрташдахкархо а, ГӀалгӀайн Республикин халкъан суьрташдахкархо а волчу Закриев Мохьмадан «Абаден сибаташ» аьлла, суьртийн гайтам схьабиллира.

Иза схьабоьллучохь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан депутаташа Нагаев Ӏаднана, Элимбаев Ӏалихана, Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас, Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Керимов Ӏаьлвис, А-Хь.Кадыровн цIарахчу Сийлаллин комплекс-музейн директора Ахмадов Iабдул-Вахьаба, Нохчийн Республикин хьакъволчу суьрташдахкархочо Заураев Вахита, Нохчийн Республикин халкъан суьрташдахкархочо Шамилов Ӏайндис, Россин Суьрташдахкархойн союзан декъашхочо Сопова Ксенияс Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан Изобразительни искусствон факультетан студенташа, Берийн исбаьхьаллин школашкарчу дешархоша, кегийрхойн организацийн векалша.

Закриев Мохьмад шатайпа похӀма долуш суьрташдахкархо хилар билгалдоккхура хьешаша.

«Вайн махка мел беза хьеший бахкарх юьхькIам бу хIокху музейхь иштта гайтам хилар», – элира суьрташдахкархойх массарел воккха волчу Заураев Вахитас.

Дан а ду Мохьмадан суьрташ, дуьнен чохь муьлххачу музейхь дIахIитто хьакъдолуш, исбаьхьа а, чулацаме а.

М.Закриевн гайтаме баьхкина дуккха а кегийрхой хиларх ша воккхавеш хилар хаийтира Ибрагимов Кантас.

Гайтаман автор суртдилларан искусствон ерриге а жанрашкахь говза хилар а хьахийра.

Дерриге а 80 сурт ду гайтаме даьккхинарг. Искусствон мах бевзачу нехан шайн долахь йолчу коллекцешкахь а, вайн республикин а, Россин а музейшкахь а ду цуьнан суьрташ.

ХIора сурт вайн къоман я тахане, я кхане юьйцуш ду. Къаьсттина чулацаме, хаза ду «Нихалахь – Ӏуьйре», «Машаран тхов», «Гуьйренан шабарш».

Нохчийн халкъан истори, адамийн Iер-дахар гайтина ца Ӏа иза. Шуьйра ю цуьнан белхан географи. Къибаседа Кавказан мехкашкара, ГӀирмера, Россин ширачу гӀаланашкара Тверера, Ярославлера, Ульяновскера, Ивановера Ӏалам а, теманаш а ю цуьнан белхашкахь.

Музейн фонд Iалашъяран отделан Iилманан говзанчас йоцца доклад йира Мохьмадан дахаран а, кхоллараллин а некъ бовзуьйтуш.

Закриев Мохьмад 1966-чу шеран бекарг (март) беттан 11-чу дийнахь Шайх-Мансуран кӀоштарчу БухӀан-Юьртахь дуьнен чу ваьлла.

1991-чу шарахь Буру-ГӀалара исбаьхьаллин училище чекхъяьккхина, 2001-чу шарахь – Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан изобразительни искусствон факультетан исбаьхьаллин-графикин отделени.

Цуьнан кхоллараллин мах хадийна Россин Суьрташдахкархойн союзан дашо а, дато а мидалшца а, Нохчийн Республикин культурин министерствон «Нохчийн Республикин культура кхиорехь хьуьнарш гайтарна» мидалца а.

Шен гайтам вовшахтоха а, хьовсархошна иза дIагайта а шен аьтто бинчу музейн директорна а, гайтаме баьхкинчу хьехашна а баркалла элира М.Закриевс.

Нохчийн Республикин къоначу суьрташдахкархошна оьшучу хенахь шен хаарш довзийта, мастер-класс яла ша даима а кийча хилар хаийтира цо.

Цул тIаьхьа, цIен аса а хадош, схьабиллира гайтам.

З.ХИЗИРОВА
№26, оханан (апрель) беттан 7-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: