ГIуллакхехь болчу зударийн Ерригроссин «Аьтто–2020» конкурсехь «ГIуллакхехь болчу Россин зударийн тоьлла векал» номинацехь «Дашо олхазар» делла Россин Федарацин а, Нохчийн Республикин а культурийн хьакъйолчу белхахочунна, берийн «Бералла» журналан коьртачу редакторна Сайдумова Зулайна.
Культурин декъехь а, библиотекин гIуллакхашкахь а, берашца болх барехь а, Россин Федерацин берийн ешар кхиорехь а толамхо хилла цунах.
Нохчийчоьнна хилла а ца Iаш, Къилбаседа Кавказан а векал яра Зулай. Цуьнан толам боккха юьхькIам бу вайн махкахошна.
– Оцу конкурсехь дакъалоцуш яра Россин кхечу регионашкара 60 зуда, шайна юкъахь лоьраш, хьехархой, Iилманчаш, юкъараллин а, политикин а гIуллакххой болуш. Шайн гIуллакхехь а, говзаллехь а тоьллачу зударшна юкъахь цхьана номинацехь толам баккхарх суна боккха кхаъ хилира. Россин зударий хьуьнар долуш а бу, балхана бIокъажош а бац. Юкъараллин а, политикин а дакъошкахь лакхарчу даржашкахь белхаш беш бу вайн махкара зударий. ХIара санна йолчу конкурсо уьш цхьаьнатуху, вовшашца гергарлонаш таса аьтто а бо, – элира З.Сайдумовас.
Зулай муьлххачу меттехь а шен республикин хьакъ йоллу векал хуьлий дIахIутту.
– Оцу конкурсех доккха беркат даьлла суна. Приморски мехкан Правительствон Председателан заместитела, Культурин а, архиван гIуллакхийн а министра Бронникова Еленас, шайн махкахь бехачу нохчашна лерина, «Бералла» журнал зорбане даккхаран гIуллакх а дийцаре дира. Республикал арахьа бехачу вайн махкахошна шайн берашна нохчийн мотт Iамо а, фольклор йовзийта а, ешаре марзо кхолла а беркате гIулч ю иза, – элира Зулайс.
Билгалдаккха луур дара гIуллакхехь болчу Россин зударшна лерина «Аьтто» конкурс 2003-чу шарахь дуьйна дIахьош хилар.
Цуьнан коьрта Iалашо ю зударийн сий айдар, церан догойла ира-карахIоттор, вовшашца йохье бахар, тIекхуьучарна масал хилийтар.
ГЕРЗЕЛИЕВА Макка
№26, оханан (апрель) беттан 7-гIа де