Республикин «Синмехаллаш» телепроектан XIII-чу фестиваль-конкурсан хьалхарчу декъан дуьххьарлера цхьаьнакхетар дIадаьхьира Грозненски кIоштан Iалхан-ГIаларчу культурин цIийнехь.

Лерринчу жюрис командийн къийсадаларийн къепе хьалххе къастийна ма-хиллара, сцени тIехь цхьаьнакхийтира Гуьмсан кIоштан культурин урхаллин а, Теркан кIоштан культурин урхаллин а командаш.
«Синмехаллаш» проектан коьрта Iалашо нохчийн Iадаташ, гIиллакхаш, ламасташ довзийтар а, кегийрхошна уьш марздар а ю.
Кху шарахь конкурсехь дуьххьара юкъаяьккхина керла номинаци ю «Нохчийн мотт цIена бийцар».
Жюрис оцу номинацехула баллаш лур ю, нохчийн мотт цIена а, аьхна а буьйцуш, ненан матте шен шовкъ гайтинчу командина.
Ламасте дирзина конкурсан хIора а цхьаьнакхетарехь Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис дакъалацар.
– Тахана вайна массарна а дукхаезаелла проект ю «Синмехаллаш». Дуьххьара конкурс дIайолош, Iалашо кегийрхошна лерина хиллехь а, баккхийчара а сатосу телевизора чохь керла цхьаьнакхетар гаре. Берриге а доьзал шайн хIусамехь цхьаьна охьа а хиъна, хьажа тамехь а, пайдехь а проект ю хIара. ХIора а цхьаьнакхетарехь керланиг девза, Iема, дицделларг карладолу, – элира Дааев Хож-Баудис.
Жюрин жамIашца, 111 балл йолуш, хьалхара меттиг яьккхира Гуьмсан кIоштан культурин урхаллин командо, Теркан кIоштан культурин урхаллин командин 100 балл бен вовшах ца кхийтира.
ДУТУЕВА Макка
№26, оханан (апрель) беттан 7-гIа де