Нохчийн Республикин кӀошташкахь а, ярташкахь а йолчу медицинин учрежденешкахь лоьраш цатоаран проблема дӀаяккхаран Ӏалашонца кхочушъеш ю «Земски доктор» а, «Земски фельдшер» а программаш.

2020-чу шарахь «Земски доктор» программин гурашкахь вайн республикехь балха нисвелла медицинин 137 белхахо. Царах 117 лор а, 20 фельдшер а ву.
Программа кхочушъярна юкъадогӀу лор оьшуш билгалъяьллачу юьрта медицинин белхахо вахийтар, цунна кхитӀе долу социальни гӀо а деш, программин дакъалацархочунна цкъа дала къастийна ахча дӀакхачор. Оцу шина а программехула луш дерг лоьрана 1 млн а, фельдшерна 500 эзар а сом ду.
Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министерствон кадрийн отделан хьаькама Дажикаева Маликас билгалдаккхарехь, Къоман «МогашаллаӀалашъяр» проектан гурашкахь кхочушъечу «Земски доктор» а, «Земски фельдшер» а программийн гӀоьнца, 2020-чу шарахь, республикин 14 кӀоштийн больницашкахь а, ФАП-хь а медицинин белхахошца кхачо йина.
Оцу говзанчашна ахчанаш а делла, лоьрашна цхьацца млн. сом а, фельдшершна ах млн. сом (500 эзар).
2020-чу шарахь оцу программица: Устрада-ГӀалин №1 йолчу больнице схьаэцна – 6 лор, ТӀехьа-Мартан кӀоштан больнице – 14 лор, 3 фельдшер, Веданан кӀоштан больнице – 10 лор, 2 фельдшер, Грозненски кӀоштан больнице – 10 лор, Гуьмсан кӀоштан больнице – 6 лор, Курчалойн кӀоштан больнице – 13 лор, 2 фельдшер, Теркан кӀоштан больнице – 13 лор, Невран кӀоштан больнице – 7 лор, 3 фельдшер, Нажи-Юьртан кӀоштан больнице – 9 лор, 2 фельдшер, Эна-Хишкан кӀоштан больнице – 3 лор, Хьалха-Мартан кӀоштан больнице – 6 лор, Шелан кӀоштан больнице – 7 лор, Шуьйтан кӀоштан больнице – 12 лор, 3 фельдшер, Шелковски кӀоштан больнице – 8 лор.
И программа Нохчийн Республикехь 2012-чу шарахь дуьйна а кхочушъеш ю.
2024-чу шарахь республикин медицинин учрежденешкахь лоьрашца кхачояр 95 процент хир ду.
№26, оханан (апрель) беттан 7-гIа де