Поликлиникийн диспансеран чоьте эцна болчу деган-пхенийн цамгарш йолчу лазархошна оьшуш долу молханаш маьхза латтор ду. И аьтто Къоман «МогашаллаӀалашъяр» программин «Деган-пхенийн цамгаршца къийсам латтор» регионан программа кхочушъяр бахьанехь хилла.
Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министерствон коьртачу эксперта Ибакова Iалияс билгалдоккху: «Деган-пхенийн цамгарш йолчу дархошна оьшуш долу молханаш маьхза латтор чӀогӀа мехала гӀуллакх ду. ЗаьӀапхойн категорина юкъахь а боцуш, амма молханашца кхачоян езачарна юкъабогIучу дархошна дийнна шарахь маьхза молханаш латтор ду. Инсульт а, инфаркт а хиллачу дархойн а, хирургин декъехула 3 операци (аортокоронарни шунтировани, пхенашна стенд хӀоттор, катетеран абляци) яйтина хиллачийн а бакъо ю, дийнна шарахь, гIоленаш ярца молханаш схьаэца. Лазархо ша вехачу меттигерчу поликлинике ваха веза Россин Федерацин могашаллаӀалашъяран министерствос чӀагӀйина билгалъяьккхинчу перечна юкъара шена догӀу молханаш схьаэца. Карарчу хенахь Россин Федерацин могашаллаӀалашъяран министерствехь дийцаре деш ду маьхзачу молханашца кхачояран программа шина шарахь дIаяхьаран гӀуллакх».
Россин Федерацин могашаллаӀалашъяран министерствос билгалъяьккхинчу гIоленаш ярца луш долчу молханийн перечна юкъа 23 тайпана молханаш догӀу.
ЗаьӀапхой ларалуш боцчу лазархошна механа деза долу молханаш маьхза хилийтар, цунна оьшуш йолу терапин курс яккхарехь боккха аьтто беш дика гӀуллакх ду.
З.ЯХЪЯЕВА
№26, оханан (апрель) беттан 7-гIа де