И.Абумуслимов – Россин чемпион
Чекхдаьллачу кIирнах Курган гIаларчу «Юность» спорткомплексехь дIаяьхьира кхиазхошна юкъахь (17–18 шераш долчу) боксехула Россехь хьалхеяккхаран чемпионат. Оцу къийсадаларшкахь дакъалош тайп-тайпанчу регионашкара 260 спортсмен вара. Царна юкъахь Нохчийн Республикера пхи боксер а вара.
ДегIан йозалла 46 кийла йолчу категорехь леташ хилла Абумуслимов Ислам шен хьалхарчу шина цхьаьнакхетарехь, хаза толамаш баьхна, финале велира. Чемпионатан коьртачу латарехь нохчичун лата дийзира Орск гIаларчу Инсапов Марсельца. Оцу къовсамехь толам баккхарца вайн махкахочо дашо мидал яьккхира.
ДегIан йозалла 56 кийла йолчу категорехь финале валале доьаза толам баьккхира Хамзаев Беслана. Амма финалехь Стрыгин Владимира толам баьккхира Нохчийчоьнан кхечу векалийн ницкъ ца кхечира совг1аташ даха.
Йоьза мидалш ехира
Дукха хан йоццуш Дагестанерчу Хасавюрт гIалахь дIаяьхьира тэквондохула республикин схьайиллина турнир. И къийсадаларш лерина дара бераш лардаран дуьненаюкъарчу денна. Оцу турнирехь дакъалоцуш дегIан йозаллин а категорехь 100 спортсмен вара. Царна юкъахь Нохчийн Республикера Магомедов Адам а, Матаев Асхьаб а вара.
ДегIан йозалла 37 кийла йолчу спортсменашна юкъахь Магомедов Адам ахфинале велира. Амма финале боьдучу новкъахь эшийра иза. Ткъа кхоалгIа меттиг къовсуш вайн тхэквондиста толам баьккхира. ДегIан йозалла 34 кийла йолчу категорехь дакъалоцуш хилла волу Матаев Асхьаб а финале ца валавелира. Цо а кхоалгIа меттиг къовсуш эшийра шена дуьхьа леташ верг.
Билгалдаккха догIу, къона спортсменаш Iамош Мукаев IабдаллахI а, Мукаев Радж а хилар.
А.АБДУЛАЕВ
№ 64, еара, 11 июнь, 2015 шо