2021-чу шеран оханан (апрель) беттан 24-чу дийнахь юкъараллин меттигийн санитарин хьал тодаран Ӏалашонца а догӀуш, Къоман «Хlусам а, гӀаланашкара хьелаш а» проектан гурашкахь субботник дlахьур ю.
ТӀедогӀучу шарахь йийр йолчу проектийн дизайн-проекташ харжаран онлайн-кхажтасар дӀадоладалале дlаяхьа лерина Ерригроссин субботник.
Юкъараллин меттигаш, паркаш, сквераш, xlусамаш, хийистош цlанъярехь шайн дакъа юкъадилла аьтто хир бу бахархойн.
«Республикехь кест-кеста дlахьо меттигаш цlанъяран декъера белхаш. Ерригроссин субботник а бlаьрла хилам хир бу вайн гlалийн урамашкахь цlано латторехь. Бахархоша жигара дакъалоцур ду аьлла хета оцу меxалчу гlуллакхехь. Иштта, оцу субботниках беркат а даьлла, бахархошна хуур ду Федеральни платформехь, оханан (апрель) беттан 26-чу дийнера хlутосург (май) беттан 30-чу дийне кхаччалц бен болчу хийцамех дерг», — билгалдоккху НР-н гlишлошъяран а, хlусамийн-коммунальни бахаман а министран заместитела Ибрагимова Алисас.
Хlора а шарахь «Хlусам а, гӀаланашкара хьелаш а» проектан «Гlалин бегӀийла хьелаш кхоллар» подпроект бахьанехь, республикин кlошташкахь садаlаран керла объекташ схьайоьллуш ю.
Хlокху шарахь а, za.gorodsreda.ru платформерчу кхажтасарехь дакъалоцуш, шаьш къобалъечу проектах дерг ала аьтто бу республикин бахархойн.