Нохчийн Республикехь хилира «Газпром» ПАО-н правленин председателан заместитель

ХIокху деношкахь белхан гIуллакхца Нохчийн Республикехь хилира «Газпром» ПАО-н правленин председателан заместитель Маркелов Виталий а, правленин декъашхой а, ООО «Газпром межрегионгаз» урхаллин белхахой а.

Соьлжа-ГIаларчу аэропорте хьешашна дуьхьал вахара Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим, «Газпром трансгаз Грозный» ООО-н генеральни директор Баймурадов Лом-Iела, кхиберш.

Белхан визитан гурашкахь хьеший хилира Соьлжа-ГIаларчу «Газпром межрегионгазан» ООО-н гIишло чохь а, Соьлжа-ГIаларчу Андреевски долина юьртара «Грозный» автоматизированни газаца кхачояран станци а, «Моздок – Соьлжа-ГIала» магистральни газан биргIа а схьаелларехь а.

Цул сов, В.Маркелов а, цуьнан накъостий а Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьаьнакхийтира цуьнан Соьлжа-ГIаларчу резиденцехь.

Иштта, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун тIедиллар кхочушдеш, республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим цхьаьнакхийтира делегацина юкъахь хиллачу «Газпром межрегионгаз» ООО-н генеральни директорца Густов Сергейца.

Цигахь дийцаре дира инвестицийн программа а, Нохчийн Республикина газификаци яран программа а кхочушъяран а, «Ведучи» ВТРК-на газаца кхачояран а, кхидолу а гIуллакхаш.

Соьлжа-ГIалахь схьайиллира «Грозный» автоматизированни газаца кхачояран станци а, «Моздок – Грозный» магистральни газан биргIа а.

Газан биргIанан йохалла 100 километр сов ю, цо тодийр ду газаца кхачояр, иштта, таро хуьлуьйтур ю Соьлжа-ГIалин ТЭС-е газ йига.

Даздарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, «Газпром» ПАО-н правленин председателан заместитель Маркелов Виталий, Нохчийн Республикин Правительствон председатель Хучиев Муслим, «Газпром межрегионгазан» ООО-н генеральни директор Густов Сергей, «Газпром трансгаз Грозный» ООО-н генеральни директор Баймурадов Лом-Iела, «Газпром» ПАО-н правленин декъашхой, кхиберш.

Л.Баймурадовс бовзийтира АГРС-н техникин гIирсаш, дийцира и объект яр Нохчийчоьнна мел маьIне ду.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира АГРС а, газан биргIа а схьаеллар регионна мехала хилам хилар.

– Вайна гуш ду «Газпромо» вайн республикина деш долу гIо. Оьшуш йолу ерриге а объекташ еш бу уьш. Нохчийн дерриге а халкъан цIарах ас «Газпром» ПАО-на баркалла боху регионна чолхе долу гIуллакхаш кхочушдарехь тидам а, гIо а дарна. Кхузаманан кепе йоьрзуш ю газаца кхачояран система. Цо вайн экономикин кхиар лакхадоккхур ду, Кавказан энергетикин системин дикалла лакха а йоккхур ю, – элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.

Маркелов Виталийс гулбелларш декъалбира «Моздок – Соьлжа-ГIала» магистральни газан биргIа а, «Грозный» АГРС а болх бан йолаяларца.

– 2018-чу шарахь ян йолийнера хIара, уггаре а хьалха Соьлжа-ГIалин ТЭС-на а еш, газаца кхачояран чIогIа маьIне йолу объект. ГIалин ерриге а энергетикина а, республикина юккъехь долчу декъана а газаца кхачоярехь оьшуш яра газан биргIа. Газаца кхачояран барам лакхабаккха аьтто баьлла ала йиш ю вайн тахана, – элира цо.

Цул тIаьхьа, болх бан дIа а йолайолуьйтуш, даздаран хьолехь, схьайиллира «Моздок – Соьлжа-ГIала» магистральни газан биргIа.

Чаккхенехь Нохчийн Республикин Куьйгалхо а, «Газпром» ПАО-н правленин председателан заместитель а хьаьжира «Грозный» АГРС-н чоьнашка.

I.МУРТАЗОВ
№27, оханан (апрель) беттан 10-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: