Культурин цIийнан белхахой шайн амалшца, леларца, хьежамашца, бистхиларца, нахаца йолчу юкъаметтигашца гIиллакхе оьзда хуьлу. Ишттачарах цхьаъ ву Йоккхачу-АтагIара Эсамбаев Махьмудан цIарахчу Культурин цIийнан исбаьхьаллин куьйгалхо Алихаджиев Мансур.
Иза вина 1970-чу шеран 13-чу январехь Шелан районерчу Жимачу АтагIахь. 1984-чу шарахь чекхъяьккхина Жимачу-АтагIара №2 йолу юккъера школа. Цул тIаьхьа деша вахана Соьлжа-ГIаларчу Музыкальни училище (къоман отделени). Мансур доьшуш а волуш, цу училищах Культпросвет училище а тухий, культурин училище йо цунах.
1988-чу шарахь эскаре кхойкху Мансур. Цигара цIавеача, юхавогIу иза шен дешар чекхдаккха. Доьшуш а волуш, Жимчу АтагIарчу №2 йолчу школе пенин хьехархо воьду иза. 1992-чу шарахь божарийн вокальни «Илли» тобанан куьйгалхо волчу Хасанов Зайндис шайн тобане дIаоьцу иза. 1993-чу шарахь БугIан-Юьртарчу №13 йолчу школехь «пенин» урокаш ло цо. Цу вайн махка даьхкина тIемаш бахьана долуш, дуккха а артисташ кхечу махка дIабахара. Цу тIеман шерашкахь лицензи а йоккхий, «Марзо» тоба а кхуллий, Эскаев Аптица школашкахула концерташ луш, берийн а, баккхийчеран а самукъадоккхуш лела Мансур.
2006-чу шарахь Тюменан областе дIавахара иза. Циггахь Мегион гIаларчу №2 йолчу юкъарчу школехь завхозан болх бира. 2009-чу шарахь цIа а вогIий, Абдулкеримов Ильяс куьйгаллехь волчу, ша хиллачу «Илли» тобанна юккъевогIу Мансур.
Шахбулатов Iаднанан цIарахчу Нохчийн пачхьалкхан филармонехь а, Шелковскойн Культурин цIийнехь а белхаш дина Мансура. Цо дIаолуш дуккха а нохчийн иллеш ду, царах масех шен дешнаш тIехь даьккхина а. Жимачохь дуьйна цо масал оьцуш, лийринарш, церан могIарехь хиларе сатийсинарш бу бевзаш болу артисташ: Дагаев Валид, Магомедов Султан, Дудаев Зеламха, Эдисултанов ШитIа, Дадашева Тамара.
Дахарехь ша хаьржинчу некъана дохко ца ваьлла иза.
– Стага ша муьлхха а болх беш велахь а, адамашца йолу юкъаметтиг ларъеш, цаьрца гIиллакх-гIуллакх лелош, тIекхуьучу чкъурана дика масал хилла ваха веза. Культуран цIийнан белхахо велахь-м, хIетте а.
Сирла хуьлийла вайн кхане! Зевне иллеш декийла вайн хазачу маьршачу махкахь!, – аьлла шен къамел дерзийра Мансура.
ВИСИТАЕВА Тумани
№ 64, еара, 11 июнь, 2015 шо