Олимпийски низамашкахула спортсменаш кечбар тодеш-карладаккха а, спортан медицинин дикалла лакхаяккха а дагахь бу республикин куьйгалхой.
Оцу декъехь хьокъала доллу декхарш тIедехкина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикин физически культурин, спортан, кегийрхойн политикин министрана Кадыров Хьамзатана Правительствон ЦIийнехь хиллачу цхьаьнакхетарехь.
«Спортан ветеранийн хьуьнарш, кхиамаш диц ца деш, вай некъ бала беза къоначарна. Цуьнца цхьаьна тобан беза спортан медицинин болх, олимпийски низамашкахула спортсменаш кечбар тодеш-карладаккха деза. Оцу балхана юкъаозо беза тоьлла говзанчаш, цара хьуьнаре спортсменаш билгалбохур а болуш, кхиор а болуш», – элира Р.Кадыровс.
Республикин Куьйгалхочо Хь.Кадыров а, физически культурин, спортан, кегийрхойн политикин коллектив а, ткъа иштта, берриге а спортсменаш а декъалбира спортан дуьненаюкъарчу денца.
«И деза де вайн республикина къаьсттина маьIне ду, хIунда аьлча, регионера дукхах болу бахархой спортаца гергарло долуш а, шайн могашалла чIагIъеш а бу. Цундела вайн массеран а юкъара деза де ду и», – билгалдаьккхира цо.
Регионан Куьйгалхочо ладуьйгIира, хIокху шеран хьалхарчу чийрикехь, министерствос бинчу белхан хьокъехь Хь.Кадыровс йинчу докладе.
Билгалбинчу муьрехь дIадаьхьна 60 гергга тайптайпана къийсадаларш. Цигахь дакъалаьцна 17 эзар сов стага.
«Цул сов, вайн 230 спортсмена ерригроссин тайп-тайпанчу къийсадаларшкахь толамаш а баьхна, совгIатан меттигаш а яьхна. Россин вовшахтоьхначу тайп-тайпанчу командийн декъашхо ву республикин 370 векал. Царах 207 спортсмен спортан олимпийски кепашкахь кхиамца гIуллакхдеш ву», – бохура министра.
Хь.Кадыровс, иштта, хаийтира хIокху шарахь Соьлжа-ГIалахь а, Шелан кIоштарчу Эвтарахь а заьIапхошна лерина физкультурин а, спортан а ши клуб ян ойла хилар.
«Республикехь йолчу ерриге а спорткомплексашна, залашна, стадионашна кхачо йина говзанчашца а, материалийн-техникийн гIирсашца, оьшуш мел долчуьнца», – элира цо.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо баркалла элира Хь.Кадыровна спорт кхиорна, йовзийтарна юкъа хазна йилларна а, бахархошна юкъахь спорт яржорна а.
«Шеко йоццуш, регионан спортан дакъа тIаьхьарчу хенахь массо а агIор кхуьуш ду. Балхана жоьпаллица тIедахаран жамI ду иза, коьртачу декъана. Вайн республикин баккъал а таронаш ю махкана, шайн цIераш дуьненахь а гIараевр йолу, сийлахь спортсменаш кхион. Тешна ву аш оцу таронех буьззина пайдаоьцург хиларх а, хьалха хIиттийна декхарш кхиамца кхочушдийриг хиларх а», – дерзийра Р.Кадыровс.
Д.ПАШАЕВ
№27, оханан (апрель) беттан 10-гIа де