«Россети Къилбаседа Кавказ» акционерийн юкъаралло урхалла дечу «Чеченэнергон» говзанчаша чекхдаьккхина Хьалха-Мартан кIоштарчу Йоккхачу АтагIахь еш йолчу керлачу школина электросерло тIеялор. Цо таро лур ю школа ярца боьзна белхаш сиха а, лаккхарчу эвсараллица а дIабахьа.

Кхузара школа яр, «Дешар кхиор» пачхьалкхан программа кхочуш а еш, дIахьош ду.
Дешарна, кхиарна, дегI дахчорна мел оьшу хьелаш долуш хир йолчу школехь 720 дешархочунна меттиг билгалйина. Бакъду, цкъа хIинца а бух бен бац боьттинарг. Кхидолу белхаш дIадолорна оьшура кхузахь электросерло. Иза тIеялош 15 бIогIам а, 160 кВт нуьцкъалла йолу трансформаторан подстанци а йина энергетикаша. Ткъа электросерий 1,5 километр генара схьатесна.
Таханлерчу денна чекхбаьхна объектана чIогIа оьшуш йолу ток схьаялорца боьзна берриге а белхаш. Уьш йоццачу хенахь а, лаккхарчу дикаллица а дIабахьа аьтто хилла хир бацара Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо ахчанца гIо дина ца хиллехь.
Регионан энергетика кхиоран Кадечу штабан куьйгалхочо, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама аьлла ма-хиллара, социальни маьIнечу объекташна хаддаза а, лакхарчу дикаллица а электроэнергица кхачояр Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьалха хIиттийначу коьртачу декхарех цхьаъ ду.
И декхар кхиамца кхочушдеш хиларна тоьшалла лара догIу Йоккхачу АтагIахь ян йолийначу школина сихха электросерло тIеялийна хилар.
С.ХУСЕЙНОВ
№27, оханан (апрель) беттан 10-гIа де