Арктикехь дIадаьхьира Росгвардин Iамораш

«Россин къоман гвардин лерринчу хьаштийн эскаран дакъойн Арктикин зонехь боккха кхерам болчу объекташкахь маьршачу хенахь хьал чолхе даьлча гIуллакхдар» цIе йолу даккхий Iамораш хилира Арктикехь. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цигахь дакъалецира Росгвардин Нохчийчохь гIуллакхдеш болчу белхахоша а, эскаргIуллакххоша а. Уьш Россин спецназан университетан инструкторш бу.

Iаморийн кхоалгIа мур дIахьочу хенахь РФ-н ФСВНГ-н Нохчийчохь йолчу урхаллин хьаькаман хьалхарчу заместителан Мартынов Даниилан куьйгаллин кIелахь болчу нохчийн рогвардихоша «Снегоходаш» тIехь шина дийнахь марш-бросок йира Норильск гIалара Диксон гIайри тIе, бандиташ «хIаллакбаран» леррина декхар кхочушдархьама.

Парашютистийн тобанца цхьаьна гIайри тIерачу аэропортан гIишло а, кема гIотту-охьахуу аса а террористех дIацIанъян езаш бара уьш.

Некъан лар йоцчу лайн аренашца марш-бросок еш церан дIадаьлларг ши де-буьйса а дацара. Некъ сиха бина ца Iаш, шелонехь буьйса яккха меттиг а кечйира цара кIеззиг бен хан ца йойъуш. Иштта, каде гIуллакхаш дира техникина чу ягориг юттуш а, технике хьожуш а, кхача бууш а.

Геннарчу Къилбаседан Iаламан уггаре а шийлачу хьелашкахь 1 500 километр некъ бира тобано.

ГIайри тIе кхаьчча, оцу меттигана гуо лецира, парашютистийн тобане хаам бира мича, муха дахка деза дуьйцуш.

Диксон гIайри тIе исторически охьадиссар дара иза. Кхул хьалха цхьана а эскаран дакъошка даделла дацара иза. Цул тIаьхьа цара цхьаьна кхиамца паргIатъяьккхира билламечу бандиташа дIалаьцна хилла аэропорт а, кема охьахуу меттиг а.

Iамораш дерзийра гIайри тIера юха Норильске марш-бросок ярца. Iаламан хьелаш кхин а чолхе девлла хиллехь а, уьш кхин а сиха схьакхечира гIала.

Тахана-кхана Соьлжа-ГIала схьакхочур бу вайн бIаьхой.

Хь.САИДОВ
№27, оханан (апрель) беттан 10-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: