Къоман «ХӀусамаш а, гӀаланашкара хьал а» проектан гурашкахь дӀахьочу «ГӀалин бегӀийла хьелаш кхоллар» подпроектаца, Грозненски кӀоштарчу Ӏалхан-ГӀалахь, спортан майданца хоттаелла, керла парк йина.
Мини-футболан майда а, цуьнца цхьаьна парк а ю хӀинца меттигерчу бахархошна садаIа.
Паркан хьокъехь аьлча, иза гӀашлойн некъаш а, охьаховша гӀанташ а, берашна бираьнчигаш а, тховкӀелонаш а йолуш ю.
Меттигерчу бахархошна боккха кхаъ хилла цунах.
«Хазахета-кх, хӀара юкъараллин меттиг тхуна кечъярехь, кегийчеран а, баккхийчеран а лаамашка хьажар а, уьш кхочушбар а коьрта лерина», – билгалдоккху цара.
Дагадоуьйту, карарчу шарахь, Ерригроссин онлайн-кхажтасар а хирг хилар.
za.gorodsreda.ru платформи тӀехь дӀахьур долчу (26.04.21–30.05.21) кхажтасарехь къастор ю, тӀедогӀучу шарахь тойийр йолчу юкъараллин майданийн дизайн-проекташ.
А.КАНТАЕВ
№27, оханан (апрель) беттан 10-гIа де