Нохчийн турпалхочунна дина тоьшалла

Ахьмадан Жабраила дийцарехь, 1976-чу шарахь эскаре а вигна, цигахь гIуллакх дан йиллина хан чекхъяьлча, юха цІа веара иза.

ХІетахь, Ракка шахьарахь, бахархойх дукхахберш йохк-эцархой хилла.

ХӀора а шарахь, шайн бамба а, даьтта а дохка, Раккера Хьалаб гІала вордан тІехь боьлхуш хилла уьш.

Жабраилан Ахьмада элира цхьана дийнахь: «Сайна ца вевзачу шина стагаца цхьаьнакхийтира со. Цхьана стага «Хьо муьлхачу къомах ву?» – аьлла, хаттар дира».

Ахьмадна ша нохчийн къомах ву ала ца лиира, хӀунда аьлча, нохчий бевзар бац аьлла хеташ. Ша курд ву элира цо.

Юха а оцу стага хаьттира: – ХІан-хІа, хьо курдийн нахах тера вац, муьлхачу къомах ву схьаала соьга!?

Ахьмада аьлла: «Ас хьоьга аьлча а, хьуна девзар дац сан къам, цундела ца олура ас, со нохчийн къомах ву».

Нохчийн къомах ву аьлла, шена хезча, оцу стага элира: «Оцу къомах хир вуй хиира суна, хьо схьа ма-гиннехь. Хьан сибат гуш ду… Ас хІинца нохчийн къомах волчу цхьана стагах лаьцна дуьйцур ду хьуна. Ал-Фурат хина уллехь цхьа хьун ю, Абу ХІураира цІе йолуш, луьста хьун ю иза, дукха акхарой хуьлуш. Цхьана дийнахь, тхо, йохк-эцархошца цхьаьна дІадоьлхуш, оцу хьуьна юккъехь, цІеххьана, дехьо, цхьа лом гинера тхуна. Цунах кхераделла, тхаьш долччохь соцунгӀа хилла, кхин меттаххьан ца хӀуьттуш лаьтташ а долуш, еха Іаьржа хІуманаш тІехь а йолуш, говр тІехь схьавогІуш цхьа бере тӀенисвелира тхуна. Цо герга а веана, маршалла а хаьттина, «Ассаламу Iалайкум, хІай йохк-эцархой! Шу хІун деш ду кхузахь? Лаа севцций шу? ХІума а дуй?», – элира«…

Іаьрбаша цуьнга хаийтира дехьо лелаш лом хилар.

Йохк-эцархочо дийцарехь, говра тІера охьавоьссина, шен карахь дикка шаьлтанан мукъ а лоьцуш, лоьмана гергавахара иза.

Цхьана йохк-эцархочо элира: «ХІара Дала ваийтина хир ву… Лом, и валлалц, вай девдда дІагІур ду бохуш, Ӏаш дара».

И ца вевза бере лом долчу агӀор дӀавахча, церан аьзнаш хилла схьахезаш.

Жимма хан яьлча, дехьара и стаг схьагучаваьлла… Лом дийна цо, амма ша чІогІа лазийна а волуш, шен карахь шаьлта а йолуш, цу тІехь цІий а долуш схьавеана и цавевза стаг.

Іаьрбий цецбевллера цо динчух, цо муха дийна и лом, аьлла. Цунна шайгара малар а, кхача а белира цара. ТӀаккха, цхьана стага хаьттира цуьнга, хьо муьлхачу къомах ву аьлла.

– Со нохчийн къомах ву, – элира оцу стага.

ХІетахь дуьйна и дийцар лелаш ду Іаьрбашна юкъахь.

Гочдинарг: Адам Жабраил (МАЖЕД)
№27, оханан (апрель) беттан 10-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: