Сийлахь Рамадан бутт болабаларца доьзна Кадыров Рамзан-Хьаьжин декъалдар

Хьомсара вежарий, йижарий, хьомсара махкахой!

Нохчийн Республикин муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас хаам би сийлахь Рамадан бутт дIаболабаларан хьокъехь. Кхана дуьйна (оханан беттан 13-чу дийнахь дуьйна) берриге а бусалбанаша дIадолор ду парз мархин бутт кхабар.

Веза а, Сийлахь а волчу АллахIана хастам бо вай, вайх къинхетам а бина, хIокху батте дахарна. Делах тешаш болчарна сийлахь Рамадан боккха къинхетам хиларх лаьцна дийцина Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна).

Абу ХIурайрата дийцина Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIера совгIат хиларе са а туьйсуш, иза хирг хиларх теша а тешаш, Рамадан баттахь марханаш кхаьбначун хьалха мел летийначу къиношна гечдийр ду».

Веза а, Сийлахь а Волчу АллахIе вай доьху Цо Ша тIедиллинарг кхочушдан бусалбанийн дегнашкахь ийман чIагIдар, царна собар далар, тешам, кхетам балар. Вай даггара тешна ду АллахIан къинхетамах, Иза резавархьама вайн ницкъ кхочург дерриге а дийр ду вай.

Бераллехь дуьйна хезна вайна баккхийчара сийлахь Рамадан тIекхачаре сатуьйсуш деш хилла къамелаш. ХIетахь вай ца кхетара цара оцу батте оццул чIогIа са хIунда туьйсу бохучух.

Хан-зама дIаяларца хаьа цара Рамадан батте иштта чIогIа сатийсар лекхачу АллахIа гечдаре, иза резаваре кхачархьама оцу баттахь къахьега лаам хилла хиларца доьзна хилар. Вай Кхоьллинчунна вай тахана хастам бо бусалбанийн рузманехь уггаре а коьрта болчу батте вай дахарна, хьакъ ма-дду и тIеэца таро яларна.

Вай къаьсттина даккхийде карарчу хенахь Нохчийн Республикерчу берриге а бусалбанашна шайн дин лело, Iамал ян дерриге а хьелаш кхоьллина хиларх, Къуръанна а, вайн сийлахьчу Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннаташна а тIаьхьа даза маршо а, паргIато а хиларх.

Дала базбина баийтинчу хIокху беттан хьалхарчу буьйсанна суна кхайкхам бан лаьа берриге а бусалбанашка: вовшашна къинтIера довлалаш, шайн хилла вас йицъяй, вовшашна гечделаш, шайн дегнаш хьагI-гамонах, вон мел долчух цIанделаш, АллахI резахиларе кхача хьовсалаш даггара Iамал-Iибадат дарца, марха кхабарца, сагIина хIума яларца, диканиг дарца.

Рамаданан маьIна дийнахь хIума ца юуш, хи ца молуш Iар дац шуна. Цуьнан маьIна марха кхабарца, Iамал-Iибадат дарца, къилахь а, хьарам а мел долчух юхакхетарца АллахIана хьалха цIанвалар, Цо къинхетам баре кхачар ду шуна. Веза а, Сийлахь а Волчо жоп ца луш ца вуьту шен хьикмате парзаш кхочушдеш верг, вон мел долчух дIахервелларг.

Сийлахь Рамадан бутт дIаболабаларца ас даггара декъалбо берриге а бусалбанаш. Лаьа шун массеран а могашалла, ирс, аьтто, барт, дика мел долчу гIуллакха тIехь кхиамаш хуьлийла. Лекха Волчо ирс, машар, синтем хуьлуьйтийла шуна!

ХIокху сийлахьчу баттахь кхочушхуьлда шун дика лаамаш, жоп лойла шун дикачу доIанашна!

№28, оханан (апрель) беттан 14-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: