Соьлжа-ГӀалахь, тойина а яьлла, схьайиллина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах проспект – билггал аьлча, «Минутка» майданера «Луч» куьпа кхаччалц долу оцу проспектан дакъа.

Цигахь дакъалецира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Проспектехь бинчу белхан хьокъехь дуьйцуш, цо билгалдаьккхира гӀишлошъярхоша болх дика а, кхачаме а, сиха а бина хилар.
Дагадоуьйту, проспектехь, беккъа цхьа некъ шорбина ца Ӏаш, гӀашлойн некъаш тодина а, газан а, токан а, хин а, серлонан а, инженерин а сеташ цӀинйина а хилар.
Иштта, юкъараллин транспортан социйлаш йина, проспект ма-ййу синтарш дӀадийна.
И белхаш къоман «ХӀусамаш а, гӀаланашкара хьал а» программин гурашкахь дӀабаьхьна.
Амма, кхеташ ма-хиллара, юьстах ца лаьттина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах йолу Юкъараллин фонд а – оцу проспектаца Ӏачу мискачу а, хала бохкучу а доьзалийн хӀусамашна тӀера тхевнаш хийцарал сов, керла ковкерташ а яйтина цо шен чоьтах.
Цу тӀе, оццу фондан чоьтах дукхапетарийн цӀенойн арахьара пенаш а тодина.
Кадыров Рамзана хаийтира и проспект а, Соьлжа-ГӀалин рогӀера жовхӀар а хилла, бахархошна а, хьешашна а хазахетачу меттигех цхьаъ хирг хилар.
«Проспект тояран декъехь вай белхаш дӀаболорна а, дӀаберзорна а юкъа баьлларг масех бутт бен бац. Амма, цхьа а шеко йоцуш, оцу муьрехь хӀара меттиг чӀогӀа хийцаелла, Соьлжа-ГӀалин керла жовхӀар а хилла, дӀа а хӀуттуш. Кхузахь динчу гӀуллакхашка хьаьжча гучудолу, белхалойн тидамера хӀумма а ца долуш, дан мел дезарг а, дича дика хир дара мел аьлларг а дина хилар. Кхузахь къа мел хьегначарна даггара баркалла боху ас», – олуш, дерзийра шен къамел республикин Куьйгалхочо.
Ламасте дирзина ма-хиллара, цӀен аса а хадош, Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас доӀа а деш, схьайиллира проспект.
И.ИСЛАМОВ
№28, оханан (апрель) беттан 14-гIа де