Гоьргачахь а дина керла маьждиг

Масех де хьалха доккха дезде дара Шуьйтан кӀоштарчу Гоьргачахь. Цигахь схьадоьллуш дара Нохчийн ширачу архитектурин кепехь дина, 150 стагана лерина керла рузбанан маьждиг.

Маьждиг схьаделларехь дакъалецира Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас.

И беркате гӀуллакх Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин фондан чоьтах дина.

Цу тайппана хаза совгӀат шайна дарх, баккхийбийна а ца бовлуш, даггара баркалла бохура меттигерчу бахархоша.

И маьждиг схьаделлар бахьана долуш, хӀинца дуьйна рузба шайн юьртахь дан аьтто хир бу церан, хӀинццалц уьш луларчу ярташка лелаш бара.

Оцу хиламца юьртан а, кӀоштан а бахархой декъалбира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цул сов, цо баркалла элира, гIишло ярна жоьпалле волчу, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамчина Эдильгириев Амруддина а маьждиг даран белхаш жигара дӀабахьарна.

Ламаст а хилла дӀахӀоьттина ма-хиллара, Делан хӀусамехь мовлад дийшира. Цул тIаьхьа, Межиев Салахь-Хьаьжас имамалла а деш, рузбанан ламаз дира.

Маьждиге баьхкинчара Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна баркалла элира маьждиг дарна, иштта, шайн доIехь Нохчийчоь а, нохчийн халкъ а, цуьнан Куьйгалхо а вийхира цара.

Дагадаийта лаьа, карарчу шарахь Нохчийчохь кхин а 12 маьждиг дина хилар.

А.КАНТАЕВ
№28, оханан (апрель) беттан 14-гIа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: